Хӏинца цига боьду некъ а ӏедало бихкина тхуна.
Хьалха хьайн омрица тхан йуьртана итт де хан йелира ахь 5104 сом пачхьалкхан налог, гӏуданаш такхар а, 100 топ, 2000 патарма, 100 тур-шаьлта дӏадалар а, йа герзан меттана 11500 сом такхар а тӏедожош. Тӏаьхьа йуьртара виъ стаг ӏедале дӏавалар а тӏедожийна ахь. Ши де хьалха, Гати-Юьртана улло а веана, йуьртана тӏехула ткъозза йоккха топ а тоьхна, и хьайн омра кхочушдан тхуна кхо де хан йелла, дӏавахана хьо. И ахь тоьхна хан тахана суьйранна чекхйолу.
Ӏедална дӏадала а, йа тхаьшна дита а тхан герз доцийла, хаьа хьуна. Доцчу герзана дуьхьал такха тхан ахча а дац, иза хилча а, оха токхур а дацара. Цхьа а бехк-гуьнахь доцуш йуьртана тоьхна гӏуданаш а оха токхур дац. Ахь дӏавоьху виъ стаг ӏедале дӏавалар тхан ницкъ болуш а, бакъо йолуш а дац. Абубакаран ӏела цомгаш, къена стаг ву, Сибрехь ткъе берхӏитта шо хан а йаьккхина, дукха хан йоццуш цӏа веана. Иза йуьртан а, ӏедалан а гӏуллакхашна йукъа а ца гӏерташ, хан токхуш ву. Хортӏин Овхьад наггахь бен тхан йуьрта вогӏуш вац. Ткъа Сулимин Хьомсуркъа а, Султахьаьжин Доша а, йуьртара араваьлла, Зеламхин тобанах дӏакхетта.
Йуьртана бохам ца баккхархьама, хӏуъа таро йина а, 1120 сом пачхьалкхан налог дӏатакха хьовсур ду тхо, тхешан аьттоне а хьаьвсина. Оха къобал а дина, тӏелоцур дац аш йамартлонца хаьржина йуьртан ӏедал. Оха хаьржина нах бита йуьртан коьртехь. Нагахь санна хӏокху тхан сацамна хьо реза вацахь, тхан йурт а йохае, зударий, бераш а дайа, амма тхо дийна а долуш, хьан салташа йуьрта ког буьллур бац…».
Оцу кехата тӏехь коьртаниг гатийуьртахой пачхьалкхан налог схьайала реза хилар дара. Важа дисинарш листа хала хир дац. Гира беза мохь охьабиллича санна, дог паргӏатделира полковникан. Амма гатийуьртахой чубаьхкича, цо къайладаьккхира царах шен воккхавер. Хьаьрсачу, нилхачу мекхех бай хьажо пӏелг а хьаькхна, хьаьжайукъ а хабийна, царна тӏевогӏавелира иза.
– Хӏара дохьуш даьхкина шу? Массо а йуьрто сан омра кхочушдина, ткъа аш… Хӏара хьенан бехк бу? – гатийуьртахойн кехат Саьӏадан мера кӏел оьхьура цо. – Йуьртан бертаза ас йуьртан коьрте хӏиттийча, аш бина дика болх хӏара бу? Сан омра кхочушдаран меттана, цунна