Нагахь санна паччахьан законашна хӏуъу дан мега хьуна моттахь, хьан коьртан хье чуьра хьано кхачийна. Бехк-гуьнахь доцу адамаш хьийзо эхь ца хета хьуна? Хӏун бехк бу ахь хьийзочу зударийн, берийн? Дерриг халкъана а, хьуна а хаьа Веданахь хиллачунна бехке хьо цхьаъ хилар.
Хӏай хьаькамаш, суьдахой! Аш кхел нийса ца йо. Бехк-гуьнахь доцу зударий, бераш набахтехь латтадо, Сибрех хьийсадо. Стигала довла тӏемаш дац шун, лаьттах дола мӏараш йац шун! Йа даим гӏопан пенаш тӏехьа левчкъина ӏен ойла йу шун? Сан бекхамна кӏелхьардевлла даха меттиг ма бац шун!
Со Зеламха ву, халкъ лардеш, халкъан цӏарах бекхам оьцуш. Бехкенаш бойуш, бехкебоцурш дийна буьтуш. Законаш цаталхор доьху ас шуьга, законаш цаталхор лоьху ас шуьгара. Ткъа аш, харц тоьшаллаш гулдеш, талхадо уьш. И харцонаш лелорна цкъа дохкодевр ду шу.
Стигала хьалахьаьвсича, хуур ду шуна, иза ницкъ болчу Делан карахь хилар. Аш а боху, Дела ницкъ болуш ву. Амма и ницкъ болу Дела соьгахьа ву. Цо гӏо до суна бакъонца бекхам бан, ас мел дийриг Цуьнан лаамца ду. Ша реза верг дан дагадеача, суна гӏо до Цо. Ша реза воцург дан суна дагадеача, со дохковоккху Цо. Ас мел дийриг Аллахӏан дуьхьа ду, Аллахӏ, пайхамар, шариӏат доцург, цхьа а паччахь, ӏедал, закон къобал ца до ас. Пачхьалкхан хазнера дерриг ахчанах эскарш а гулдина, тӏаьхьадовларх, со карор ма вац шуна! Шуна гергахь ву моьттучу хенахь генахь хир ву со, генахь ву моьттучу хенахь уллохь хир ву.
Хӏей хьаькамаш! Шу адамаш ма дац, боьха йовсарш ма йу шу! Сан мостагӏалла шуьца ма ду. Машаречу оьрсашна зулам ца до ас, бохам ца бо ас. Адамалла дац шуьгахь, акхаройл къиза, стешха, йамарт ду шу.
Хӏай полковник! Вай кхоьллинчу Делан дуьхьа, хьо вазвинчу Делан дуьхьа, суна а, халкъана а йуккъехь мостагӏалла кхолла ма гӏертахьа! Зударий, бераш ма делхадехьа! Айхьа царна дечу таӏзарна, церан бохамашна, баланашна царна хьалха со бехке во ахь. Ткъа цара: «Дала хӏаллаквойла иза!» – бохуш, сардамашца суна неӏалт кхайкхадо. Уьш бехке ма бац. Хьуна дика ма хаьа, со бехке веш айхьа муьлхха а стаг лаьцна, набахти кхоьссича, Сибрех вахийтича а, цуьнан наха