Амма цхьа кега-мерса бехкаш девллачу мискачу нахах йуьзна хуьлу, бохура, кхузара набахте. Галаевна хетарехь, Зеламха обарг валарна а, иза ӏедална бале валарна а бехке Добровольский вара. Хорачан а, Махкатӏан а йуьртдайшкахьа а ваьлла, цуьнан доьзал хьийзийна. Хӏара дуй баа ваьхьар вара, Добровольскийн а, оцу шина йуьртден а йукъаметтигаш цӏена хилла йац аьлла. Черновгахула кхаъ эцна хир бара. Хӏумма а кӏезиг а ца оьцуш. Амма и шен сутаралла марахйаьлла подполковникна.
Ша малик ду, ца боху Галаевс. Амма кхечаьрца вуьстича, мелла а ша цӏена хета. Кхузахь урядникана тӏера хьала областан начальникна тӏекхаччалц, массо эпсар а, чиновник а кхаьънаш оьцуш, йа нуьцкъах йоккхуш, йа къола деш ву. Царах къеста хӏара чӏамара а вац йа малик а дац. Цуьнан а бу доьзал. Зудчунна а, берашна а тӏедуха а, когадуха а хазаниг, даа мерзаниг деза. Шина кӏанте дешийта а деза. Ша санначеран санна, дика цӏенош а деза. Хьанна хаьа, цхьа бехк тӏе а кхоьллина, даржах вохийна, йуьстахкхуссур а. Ткъа къаналлех кӏелхьара ца волу цхьа а. Тӏаккха сагӏадоьхурган хьолехь ваха а, вала а ма ца лаьа цунна. Тӏаьхьалонан ойла а йо. Шена ахча мел дукхадезахь а, иза ларло. Шел хьалха хиллачу начальнико санна, массаьргара а мерцхалгаш ца лехьайо. Ша оьцург йоккха оьцу. Шена тешамечу масех стагехула. Царах къаьсттана цунна тешамениг Гати-Юьртара совдегар Хортӏаев ву. Хьекъале, цхьогал санна, мекара, амма цунна а, ӏедална а тешаме стаг.
Галаев кхузахь кхечу новкъа ваьлла, округана тӏехь куьйгалла деш. Тешамечу новкъа. Хӏара шен жимачу гарнизонца лаьмнашкахула, хьаннашкахула обаргашна тӏаьхьатоллуш ца лела. Обаргийн а, церан зударийн а гергарчу нехан къамкъаргаш шен буйна къевлина. Веданара набахти цкъа а йаьсса ца йуьту цо. Схьа а лоьцуш, нах тӏекӏел оцу чу теӏабо. Кегийчу берашца цхьаьна зударий а. Бӏе шаре бевлла къенанаш а. Оцу чохь йетташ, ницкъ беш, хьийзабо. Шайн гергара разбойникаш болу меттигаш йийца, уьш ӏедале схьало, бохуш. Аш иза ца дахь, ша хӏокху набахтехь дахкор ду, мацалла дойур ду шу, бохуш. Йа ваханарг йуха ца вогӏучу Сибрех дӏахьовсор ду, бохуш. Шайн зударшца, берашца цхьаьна.
Барта и кхерамаш тийсина ца ӏа полковник.