Машаречу дахарна тӏе цунна йуханехьа некъ ца битинера ӏедало а, мостагӏаша а. Таллархоша тӏаьхьа жӏаьлеш а даьхна, бӏарздина хьийзо экха санна, доьзалца цхьаьна лаьмнашкахула, хьаннашкахула ведда лелачу цуьнан, харц-нийсо а ца къестош, ша а, шен доьзал а ларбан дезара. Мостагӏийн гонна йуккъе, кӏелонна тӏенисвелча, шена схьатоьхча, дӏатоха а, ша ца вейта дуьхьалонча вен а дезара. Цуьнан гихь болу беза мохь, де-дийне мел дели, байлуш бацара, базлуш бара, ницкъ тӏекхеташ бацара, оьшуш бара.
Цуьнан доьзалан цӏа-цӏе а, керт-ков а, кӏелхӏотта тхов а бац. Генна цхьана йуьртахь, кӏотарахь, нехан хӏусамехь, йа жаӏушца ши-кхо буьйса йаьккхича, кхечухьа кхалха дезара цуьнан. Ша а, шен доьзал а бахьана долуш оцу нахана бохам ца хилийта. Даа а, тӏедуха а, когадуха а латтош, доьзал кхаба а безара. Хӏорш къайлах тӏебуьссурш а ма бара шайн доьзалш халла хене баха гӏерташ, цхьа къен-миска нах. Хӏара бахьана долуш тӏера дай лецна, Сибрех бахийтина, рицкъа латто верасаш боцуш, бисина доьзалш а ма бара. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а герз, тӏедуха, когадуха, даа рицкъа а ма дезара. Цуьнан накъостийн а ма бара доьзалш. Оцу дерригенна а ахча дезара. Дехча, лурдолчеран ахча дацара, ткъа и долчара, шайга дехча, лур а дацара. Цундела и ахча долчаьргара нуьцкъах схьадаккха дезачу хьолехь хуьлура уьш.
Оцу берриг а эшамашна тӏе кхин цхьа гӏайгӏа а йара Зеламхехь. Цунна кӏордийнера хӏара акха, кхераме дахар. Амма хӏокху махкахь шена маршо а, синтем а хирг хиларх дог диллинера цо. Кхузара дӏа а ваьлла, доьзалшца цхьаьна Хонкара ваха сатуьйсура цо. Дуккха а ойланаш йинчул тӏаьхьа, эххар а некъана кечам бан вуьйлира. Цуьнан хьешаша – Шерипагӏеран а, Мутушагӏеран а кӏенташа – тӏелецира цхьана гӏумкин элан цӏарах Буритӏахь цунна паспорт даккха. Бакохарчу цхьана гӏажарийн лоьро хӏорш дозанал дехьа а баьхна, Иране а бигна, шена вевзачу туркочуьнга Хонкара дӏабигийта тӏелецира. Амма некъана а, Хонкара дӏакхаьчча цигахь дӏатарбала а ахча цахиларо дохийра цо дагалаьцнарг.
И шен дагалаьцнарг хӏетахь, ахчанна тӏе а гӏоьртина, кхочуш цахиларх тӏаьхьа воккхавера иза.