Дукхахболу гӏалгӏазкхий къен беха, ламанхой санна. Церан цхьа а тайпа мостагӏалла дац нохчашций, гӏалгӏашций. И мостагӏалла кхуллурш, кӏамдийраш а, марсадохурш а гӏалгӏазкхийн хьолахой бу, администраци а йу. Оцу питанчех цхьаъ Теркан гӏалгӏазкхийн идеолог господин Лисичкин а ву. Ткъа гӏалгӏазкхаша дӏалаьцначу лаьттах лаьцна ас бакъдерг аьлла. Гӏалгӏазкхаша даьккхинехь а, правительствос даьккхинехь а, цаьргара дӏадаьккхина-кх иза. Ахь боху, господин Лисичкин, итт эзарнаш гӏалгӏазкхийн кортойх эцна и латта, гӏалгӏазкхийн цӏийца хьандина ду иза. Ткъа и латта дӏалоцуш гӏалгӏазкхаша байъина нохчий, церан зударий, бераш, йохийна а, йагийна а йарташ ца йуьйцу ахь. Дала ша кхоьллинчу хӏора халкъана латта, мохк белла дуьненахь. Иза цаьргара дӏабаккха бакъо йац цхьаьннан а. Гӏалгӏазкхийн хӏун бакъо йара, Россера цига а баьхкина, нохчийн ах халкъ хӏаллак а дина, дийна бисинарш тӏулгийн лаьмнашка а, уьшалечу хьаннашка а лаьхкина, церан ах мохк дӏа а лаьцна, оцу тӏе баха охьаховша?
Хӏара гӏуллакх дийцина, чекхдаьлча, тӏаьххьара къамел дира кхуза кхайкхина валийначу Кавказан наместника, граждански гӏуллакхашкахула гӏоьнчас Мицкевича:
– Лераме Пачхьалкхан Думин депутаташ! Ши кӏира хьалха наместнике а кхечира Кавказехь хӏоьттинчу хьолан хьокъехь шовзткъе берхӏитта депутато Пачхьалкхан Думе белла лехам. Цуьнан хӏора пункт оха парггӏат, леррина теллира. Кавказан урхаллехь дуккха а ду кхачамбацарш. Уьш цхьадерш тхан гӏалаташа а, ледарлонаша а кхоьллина, цхьадерш тхан лаамах, ницкъах ца дозуш кхолладелла. Нийсса аьлча, Кавказехь хӏоьттинчу чолхечу, балхамечу хьолана бехке цигара администраци хилла ца ӏа, цунна бехке правительство а йу. Цундела Кавказехь галдевллачу гӏуллакхашна йеккъа цхьа цигара администраци бехке йар нийса ца хета тхуна. Лехамна тӏе йаздина бакъдоцурш а, бухбоцурш а ду дуккха а. Кавказан лакхарчу а, лахарчу а администрацешкахь кхаьънаш оьцу, чиновникаш националисташна а, сепаратисташна а бохкабелла, цара оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал бечу зуламечу балхе бӏаьргаш хьаббина хьуьйсу бохуш йаздинарш бакъ дац, бакъ хила йиш а йац.