Разбойникашца а, кхечу зуламхошца а къийсам латторехь ледара болх бина цхьамогӏа чиновникаш даржашкара мукъабаьхна. Царна йукъахь ву Хаси-Юьртан округан начальник полковник Котляровский а. Нах йийсаре буьгуш Зеламхина гӏо дина, йийсархойх даьккхина ахча цо Котляровскийца доькъуш хилла бохуш, тхоьга кхаьчна хаамаш оха толлуш бу, уьш бакъ хилахь, Котляровскийна луьра таӏзар а дийр ду. Цул совнаха, оха болх болийна Теркан областерчу полицин гӏуллакхалла чӏагӏдарехь а…
Шовзткъе берхӏиттаннан лехаман хьокъехь сацаман шаьш хӏиттийна проекташ йийшира депутаташа Чхеидзес а, Милюковс а. Чхеидзениг шого хийтира депутаташна. Лейборист Милюков машархо вара. Цо даим маслаӏат, машар лоьхура. Монархина, буржуазина йукъахь а. Царна а, халкъана а йукъахь а. Думерчу партешна, фракцешна йукъахь а. Милюковн проекто жоп ца лора черносотенцийн лехамашна. Депутаташна а кӏедо хийтира иза. Думан председатела Хомяковс масех фракцин векалех вовшахтоьхначу комиссина тӏедиллира, шовзткъе берхӏиттаннан лехам а, депутатийн къамелаш а, Мицкевичан хаамаш а тидаме а оьцуш, кхин проект хӏоттор.
Шолгӏачу дийнахь, берриг депутаташ реза а хуьлуш, Думо сацам тӏеийцира:
1. Крайхь низам хӏотто Кавказан администрацис йаьхна хьалхара гӏулчаш къобалйан.
2. Кавказан администраци бехке йеш 58 депутатан лехам талла сенаторийн комисси кхолла.
3. Цхьайолчу областийн, округийн начальникаш, чиновникаш хийца.
4. Лаьттан, суьдан, халкъан серлонан, переселенцийн гӏуллакхаш низаме дало.
5. Гӏаланийн, земски урхаллашкахь реформа йар.
6. Кавказан Урхалла министрийн Советан куьйгалли кӏел дӏайала.
Оцу сацамца нохчийн халкъана кхин а луьра таӏзарш дан администрацина маршо йелира Думо…