И акха ӏалашо кхочушйан правительствон аьтто болуш мур тӏехӏоьттинера хӏетахь. Нохчийн ницкъ эшнера. Мосазза а йагоза цхьа а йурт ца йисинера. Нийсса ах боьрша нах тӏамехь байъинера. Паччахьан эскарша йарташ, йалташ, докъарш, бошмаш, хьаннаш йагайора, даьхни хӏаллакдора, халкъ меца, дерзина дара. Кхидӏа оьрсийн эскаршна дуьхьало йан ницкъ бацара, йича, дерриг а халкъ хӏаллакьхиларна кхерам бара. Ставрополехь и сацам тӏеоьцучу деношкахь Шемална тӏебаханчу нохчийн халкъан векалша имаме дӏахьедира Россица тӏом сацор, машаре барт бар, нагахь санна иза дан имам реза вацахь, иза цуьнан бертаза шаьш дийр ду аьлла. Дуьненарчу уггар нуьцкъалчу кхаа пачхьалкхе а ца эшаелла Росси шайга эшалур йац, кхидӏа дуьхьало йан шайн ницкъ бац, бохура цара. Ткъа Шемална ца лаьара тӏом сацо. Хаьара, нохчий дӏакъаьстича, цхьа бутт балале шен имамалла дужур дуйла, дегӏастанхоша ша, дӏатесна ца вуьтуш, оьрсийн кара дӏалур вуйла. Шен ирсана, Шемална хиира Ставрополехь тӏеэцна сацам. Иза нохчашна дуьхьалтуьйхира имама. Аш тӏом сацабахь, оьрсаша махках а даьхна, йа даим а ӏа лаьттачу махка, йа йалташ дуьйш-дерзош доцчу, йекъачу, йовхачу, шерачу аренашка а кхалхийна, цигахь хӏаллакдийр ду шу. Тӏе, оьрсаша, керста дине а дерзийна, Делах а девр ду шу. Тӏаккха нохчаша марсайаьккхира оьрсийн эскаршна дуьхьало.
Тӏом чекхбаьллачул тӏаьхьа, 60-чу шерийн йуьххьехь, йуха а меттахйаьккхира и идея. Амма дерриг а халкъ махкахдаккха хьовзийча, цо дуьхьало йарна а, халла чекхбаьккхина иттаннаш шерашкахь бахбелла тӏом йуха а болабаларна а кхерабелла, нохчашна йукъара цхьа къармазечарах пхи эзар доьзал Хонкара кхалхийна, дитира.
1877-чу шарахь хилла нохчийн гӏаттам къиза хьаьшначул тӏаьхьа, хӏинца доьазлагӏа айира нохчийн халкъ шен даймахкара дӏакхалхор. Иза карладаьккхира Теркан а, Дегӏастанан а областийн шина начальнико – инарлаша Свистуновс а, Меликовс а. Амма оцу шинна гонаха къинхетаме, адамалле, хьекъале масех лакхара эпсар хилар бахьана долуш, и сацам тӏе ца ийцира. Гӏаттаман уггар жигара дакъалацархой шайн доьзалшца Россин къилбаседехьарчу губернешка, ткъа могӏарернаш аренга а кхалхийна, дитира.