гӏерташ меттигаш а хилира. Амма дерриг а халкъера герз дӏадаккхар хӏинццалц йукъа ца даьллера. Гуламан барт хилира, областехь хуьлучу дерриг а зуламийн хьоста нохчашкахь герз хилар ду, и герз цаьргара дӏа ца даьккхича, хӏара зуламаш цкъа а совцур дац аьлла, областан начальнике дехар дан.
Зуламийн шолгӏа хьоста гуламан дакъалацархошна гора Теркан аьрру агӏорчу махка тӏехь бехаш а, ханна балха лелаш а болчу нохчашкахь. 1885-чу шеран 5-чу майхь областан начальника, наказной атамана Колюбакина сацам кхайкхийнера, и нохчий цигара дӏабахар участкийн пурстопашна а, станицийн атаманашна а тӏедуьллуш. Хӏетахь и сацам кхочушбеш, цигара нохчийн кӏотарш а йохош, уьш шайн йарташка дӏахьовсийра, амма къелло бӏарзбина нохчий йуха а цига дӏагӏертара. И сацам хӏокху тӏаьхьарчу масех шарахь болх беш бацара. Гуламо сацам тӏеийцира, Теркан аьрру агӏонца а, гӏумкийн аренца а бехаш болу нохчий цигара дӏабахар а, нохчашна цига некъ бехкар а областан начальнике деха.
Кавказски тӏом дӏабоьдуш а, и чекхбаьллачул тӏаьхьа а ткъе шиъ станица йиллинера нохчийн махкахь. Нохчаша маьрша баха ца буьтура шайн махка тӏе охьаховшийна и кхайкхаза баьхкина хьеший. Станицашна тӏелетара, даьхни, говраш йуьгура, некъахой талабора, дуьхьало йинарш бойура. Цхьаболчу нохчаша оцу шайн мостагӏашкахьа болчу цабезамна а, бекхамна а дора и зуламаш, цхьаберш къелло бохура оцу новкъа, ткъа кхиберш шайн майралла, доьналла гайта, самукъаненна а боьлхура талораш дан. Зуламхо схьалацар цхьа наггахь бен ца нислора. Цундела гӏалагӏазкхашна дина зен меттахӏоттадойтура къоланан лар тӏаьххьара махка тӏехь сецначу йуьрте йа гондӏарчу масех йуьрте. Иштта зуламна дуьхьал къийсам латтош, йарташна таӏзар дар а нилхадаьллера революцин хьовр-зӏовраш хиллачу хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь. Нийсса аьлча, нохчаша дуьхьало йора и текхамаш барна. Тӏе, къоланан лар генна лаьмнашка йахча, дан хӏума а ца хуьлура ӏедалан. Эххар а гулбеллачеран барт хилира, хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь нохчаша гӏалагӏазкхашна а, тавричанашна а, гӏумкашна а, ногӏашна а, нийсса аьлча – церан хьолахошна, дина а, хӏинцачул тӏаьхьа дендолу а зенаш нохчийн йарташка меттахӏиттадайтар деха.