Болатах а, цуьнан дех-ненах а лаьцана ӏаьнан шийлачу, йехачу буьйсанашкахь нанас дийцинарш. Ден да а, ден нана а хӏокху Делан мостагӏаша махках даьккхина, кхелхина дахана, генарчу, хийрачу Хонкарахь дӏакхелхина. Оццу Делан мостагӏаша лаьцна, Сибрех вахийтина хӏокхуьнан да а доьза вайна. Хӏинца хӏара ша цунна тӏаьххье дӏавохуьйтур ву. Шен ойла-м ца йора Соипа. Цӏахь цхьа йуьсучу къеначу, декъазчу ненан ойла йо. Цуьнан дола дан хӏокху шиннан а вежарий, шичой, маьхчой бац. Шелахь ден цӏийнан нах бу. Уьш генахь бу. Геннара гергара а бу. Цхьа йисина цуьнан къена нана. Йаьссачу, къечу, мискачу хӏусамехь. Цунна рицкъа хьан латтор ду, цомгаш хилла, къанйелла кӏелйисча, цуьнга мила хьожур ву?..
Бӏаьргаш хьабдича, уггар а карладуьйлура цунна и гӏайгӏане суьрташ. Къамкъарге шеддаш хӏуьттура. Кийра, цӏе хьийзаш, карзахбаьллера. Кӏез-кӏезиг хуьлуш, вада сацам хилира цуьнан. Хӏокху лаьмнашна, хьаннашна йукъара аренга валале. Сиржа-Эвлара дӏа шера аре йу. Хьаннаш-м хьовха, атталла варшаш а йоцуш. Цигахь, ведча, къайлавала меттиг бац. Вада веза. Хӏинца Соьлжа-Гӏала дӏавигча, тоьпаш тухур йу цунна йа ирхъуллур ву, лаххара а таӏзар Сибрех вахийтар хир ду. Итт, ткъа шарна. Йа йерриг а оьмарна. Шен дена санна. Шен да санна, цигахь доьза вовр ву иза. Цигахь велча, гаурша дӏавуллур ву, къена жӏаьла санна. Дийна висина цӏа верзахь а, хӏокху Делан мостагӏийн лай хилла ваха веза. Цул валар гӏоле йу. Хӏокху ша винчу лаьмнашкахь. Ӏожалла йелахь, лийр ву, йацахь, Делан къинхетамца, Делан гӏоьнца кӏелхьарвер ву. Кӏелхьарвалахь, обаргех дӏакхетар ву иза. Шен ден да-нана махках даьккхинчарех, шен да Сибрех вахийтина, хӏаллаквинчарех, шен нана а, ша а дакъаза даьккхинчарех бекхам оьцуш.
Соипа къайллах бӏаьрг туьйхира салташка. Шиъ тӏехьа, шиъ цунна дуьхьал а вирзина, хиъна ву. Йуьйлина тоьпаш а йу, голашна йуккъе а хӏиттийна, каралаьцна. Пхоьалгӏаниг, говрийн архаш лаьцна, хьалха ву. Цхьадика, когаш ца бихкина Соипан. Амма и виъ салти сема хьоьжу цуьнга. Къаьсттана некъана кӏел агӏор хьун йаьлла басеш йолчохь.
Гӏудалкх ишттачу меттиге нисйелча, цӏеххьана хьала а иккхина, цу тӏера чу а кхоссавелла,