лаххьийна бойур бу уьш. Ас оьрсийн эпсаран тешаме дош ло хьуна вайшинна йукъахь хинболчу бартах ца воха. Вайшиннан девна йукъа хьан чӏирхой а буьтур бац ас. Тоьур ду аш вовшийн ӏенийна цӏий.
Амма лата йиллинчу меттиге, билгалйинчу хенахь хьо дӏа ца вагӏахь, суна карор ву хьо, ведда, дӏаваха гӏертачу Хонкара хьо дӏагӏахь а. Тӏаккха соьгарчу къинхетаме дог ма дахалахь, ас ирхъуллур ву хьо. Майрачу нохчийн къоман хьакъволу боьрша стаг хьо хилар, хьо кӏилло зуда цахилар гайта, Зеламха. Хьайн сацам буьйцуш, соьга, эскаран старшинага Вербицкийга, Буритӏа кехат йазде».
Зеламхас леррина ладуьйгӏира. Цуьнан йуьхьа тӏе хьаьжча, ца хаалора иза огӏазвахар а, дарвалар а. Цкъацкъа, корта а хьовзабой, велаозавора. Ша кехат дешна ваьлча, цуьнга хьаьжира Аюб.
– Кхин хӏумма а йаздиний вайх лаьцна?
– Цхьана эпсаро жимма йаздина кхечу газет тӏехь.
– Дешал.
«Хӏокху тӏаьххьарчу хенахь разбойниках Зеламхех лаьцна бакъдолчунна аьттехьа а доцу хабарш даьржина меттигерчу интеллигенцина йукъахь. Зеламха лакхара дешар а дешна, кӏорггера ӏилма а, хьекъал а долуш, цхьана а ницкъах ца кхоьруш, турпала стаг ву, иза, эпсаран духар тӏе а духий, гӏаланийн урамашкахула маьрша волалой лела, хьаькамийн хӏусамашка а воьду, иштта дӏа кхин а дуьйцу. Зеламхин схьавалар а, дахар а, амалш а, гӏиллакхаш а суна дика хаьа. И разбойник Ведана-округерчу Хорачахь вина могӏарера нохчо, бежӏу ву, цхьанххьа а цхьа а дешар дешна а, цхьа ӏилма хууш а вац, оьрсийн мотт хаъане а ца хаьа. Майраллех а, турпалаллех а хӏумма а дац цуьнца. Ша цхьа кӏилло, пекъар хилар гайтира цо 1908-чу шеран 31-чу августехь сан партизанийн командица хиллачу тасадаларехь. Сан партизанаша вийна шен да а, ваша а, кхо накъост а витина, тхуна дуьхьал цкъа топ а ца кхуссуш, иза охьа а тесна, эхье веддера иза. Цхьанхьа къайленгахь кӏело а йина йа геннара схьа а тӏетоха майра ву иза. Зеламха хӏинццалц схьа ца лацарна, иза дийна леларна бехке цунна гӏо до, иза ларво бодане, бӏаьрзе халкъ а, цуьнца дерг чекхдаккха ца хуу ӏедал а ду».
– И йаздинарг хӏун эпсар ву хаьий хьуна?
– Стохка беной вайна дуьхьалбаьхна Гӏоьрдала участкан пурстоп.
– Хӏинца мичахь ву иза?
– Хӏокху Гӏалгӏайчохь