Нагахь шегахь дуккха а патармаш делахь, цхьанхьа аьттонехь кӏело а йой, цхьана стага мел йоккха а отряд хӏаллакйийр йолуш. Ткъа хууш ма ду, и обаргаш, майра хилла ца ӏаш, ӏаламат говза иччархой хилар.
Цундела, ша цхьанна ца тосадалийтахь а, Вербицкий кхоьрура отрядаца лаьмнашкахь операци йан. И кхерар тӏе а алсамдаьллера цуьнан кехатана дуьхьал Зеламхин жоп деача. Цхьацца эпсарша бегаш бечуха олура цуьнга, оцу кехатца ахь-айхьа хьайна ӏожаллин кхел йина. Амма йухаволийла а дацара. Оцу дерригенан ойла йеш Вербицкий лелачу хенахь, ши де хьалха Буритӏахь, областан начальникан канцелярехь иза цхьаьнакхийтира Ведана округан ханна начальникца капитан Дудниковца.
Таллархойн ханна отряд кхолларца округийн начальникашна тӏера дӏа ца долура шайн округашкахь зуламхошца къийсам латтор. Церан декхар дара, хьалха санна, шайн округашкахь зуламаш совцо а, ӏедал чӏагӏдан а, низам латто а. Ткъа обаргийн бен лоручу Ведана округан начальникан болх а, декхарш а, жоьпалла а кхечерачул алсам дара. Хорача экспедици йинчу хенахь нах лебеш, цхьана хорачочо Дудниковна йийцинера Зеламхин доьзал болу меттиг. Кехат тӏехь шена ма-хуъу оцу меттиган карта а хӏоттийнера хорачочо. Цо дийцарехь, ӏасса-хин лакхенца, лаьмнашкахь, жимачу тогӏехь масех цӏа долуш гӏалгӏайн кӏотар йу, йуккъехь лаьтташ лекха ши бӏов а йолуш. Ӏасса-хица чӏожахула цига богӏу некъ ца хаьара цунна. Лаьмнашкахула, гӏашнекъашкахула ваханера иза цига. Хорачочо тешийра Дудников кест-кеста Зеламха цига шен доьзална тӏевоьдуш хиларх.
Нагахь санна аьтто нислахь, Зеламха схьалацар, иза ца лацалахь, цуьнан доьзал йийсаре лацар массерачул а хьалха шен декхар хетара Дудниковна. Амма лаьмнашка и кхераме экспедици йан тӏеман ницкъ бацара цуьнан. Ведана-гӏопехь салтийн рота а, ах бӏе стражник а вара. Салтийн рота цигара дӏайаьккхича, гӏап йерзина йуьсура. Цу тӏе, цхьана ротица лаьмнийн кӏоргене ваха ӏаламат кхераме а дара. Областан начальникан гӏоьнче, эла Орбелиане, шен къайле а йийцина, ӏассан лакхенга экспедици йан шена гӏо дийхира Дудниковс. Таллархойн ханна отряд Вербицкийн куьйгалли кӏел йу, цунна омра дала шен бакъо йац, цуьнца айхьа барт бехьа, элира Орбелианис.