– Коьртах хӏума тоха цунна! – омра дира Григорчука.
Зоьрталчу гӏалагӏазкхичо, варзап санна, боккха буй коьртах а тоьхна, охьайожийра йоккха стаг. Цо мӏараш тийсина йеринчу шен йуьхьах куьг хьаькхира Григорчука.
– Неӏалт хуьлда хьо йешапна! – синкхетамах йаьлла ӏуьллучу зудчунна чоьже мийра туьйхира цо.
Морзгалша къарзйина Григорчукан йуьхь кхин тӏе а эрчайаьккхинера зудчо.
Воккхачу стага цӏа чохь дийна стаг вац бахахь а, ларвалар эрна ца хетта, шел хьалха ши гӏалагӏазкхи чухьажийра Григорчука. Хьалхарчо неӏсагӏех чоьхьа ког ма-баьккхинехь, цӏа чохь топ йелира. Шен карара топ дӏа а хецна, шинне куьйга гай а лаьцна, шалха а вахана, цкъа голаш тӏе охьа а лахвелла, тӏаккха ша волччохь дӏахаьрцира гӏалагӏазкхи. Тӏаьхьарчо цӏа чу топ туьйхира.
– Кхин дийна стаг вац хӏокху чохь, хьан оьздалла, – элира цо, схьа а вирзина.
Григорчук цӏа чу велира. Кора уллохь шиъ а, неӏарна дуьхьал сонехь цхьаъ а – кхо дакъа ӏуьллура цӏа чохь. Царна уллохь цӏенкъахь бердангаш а ӏохкура. Оцу сонехь ӏуьллучунна чӏогӏа чов хиллачух тера дара. Хетарехь, текхна неӏарна дуьхьал соне а вахана, шен берриг ницкъ тӏе а гулбина, хьалха гучуваьллачу гӏалагӏазкхичунна тӏаьххьара патарма тоьхнера цо.
Шена тешнабехк бинчу воккхачу стагана таӏзар дан дагахь араваьллачу Григорчукана, арахь йа иза а, йа йоккха стаг а ца карийра. Воккха стаг лаха луларчу цӏа чу вахара иза. Кхераделла, синош даьхьна ши зуда а, жима кӏант а карийра цунна. Воккха стаг тӏепаза вайнера.
Лаха чохь тоьпаш йуьйлуш, пулемет йетташ, гӏалагӏазкхийн, салтийн маьхьарий хезира Григорчукана. Охьа чухьаьжча, цунна гира Алкунехьа боьдучу новкъа дӏайевдда йоьлху ах бӏе гергга говраш. Чов хиллачун дола дар гӏалагӏазкхашна тӏе а диллина, басех чу охьахьаьдира Григорчук.
Шолгӏачу цӏа чохь къовлавелла пхи обарг веддера. Цӏенна го бинарш неӏ а, кораш а тергалдеш, цигахула чу герзаш детташ ӏашшехь, цӏа чуьра хьала цхьацца тхов тӏе а волуш, цӏийна тӏехьарчу агӏор чу а буьссуш, бешарчу йарашна йукъахула текхаш гонна йукъара а бевлла, дуьрстанаш хедош, гӏалагӏазкхийн говраш дӏа а хецна, говраш тӏехь дӏабахнера.