Амма Теркаца хьала хьоькхучу мелачу махо дегӏана цхьа тамашийна хаза там бора. Лекхачу шина берда йуккъехула чехка охьадогӏу жима хи Терках дӏакхетачохь, лекхачу, къеначу попа кӏел, сийначу бай тӏехь верта а даржийна, коьрта кӏел куьйгаш а дехкина, мархашна кӏел сетташ, пелдуьйлуш, хьийзачу лечане бӏаьрг бетташ, аркъал вижина ӏуьллура Зеламха. Накъосташа роггӏана ха дора некъахь.
Иттаннаш шерашкахь хӏокху новкъа стерчийн ворданашкахь а, говрийн гӏудалкхашкахь а, пайтонашкахь а дӏасалелара адамаш. Ткъа хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь йукъайевллера нах дӏасалелош, бархӏ стагана меттиг болуш, «Бенц» машенаш. Лергаш къардеш, гӏовгӏа йора, бӏаьргаш ӏийжош кӏур а туьйсура цо, тӏера адамаш дӏаса а, хьала а кхуьйсуш, вон йетталора иза, амма оцу машенахь дӏасабахар доккха дозалла хетара нахана. Мил-милла а ца воьдура, мелла а тароерг бен.
Вербицкийс оцу машенна билет эцна аьлла, хаам бинера Зеламхе. Ӏуьйранна малх лаккха баьлча, оцу машенан тата хезира шайн рогӏехь некъахь ха деш лаьттачу Аюбана а, Абубакарна а. Машен гергагӏоьртича, некъа йуккъе а ваьлла, куьг хьалалецира Аюба.
– Стой! Астанавись! – мохь туьйхира цо.
Абубакар йуьстах хӏоьттина лаьттара.
Йуьхьиг охьайерзийна белшах тесна топ а, некха тӏехь морзахйохуш а, йукъах йихкина а патармийн гӏаьпнаш а, доьхкарх йоьллина ши бомба а, агӏон тӏехь кхозуш маузер тапча а йолуш, некъа йуккъехь хӏоьттина лаьтташ жима стаг гича, шега шолгӏа мохь ца тохийтира шоферо. Шозза-кхузза хьоршам тоьхна, ӏаьржа кӏур а тесна, йега а йелла, сецира машен.
Аюба сихха бӏаьрг туьйхира пассажирашка. Виъ боьрша стаг а, йиъ зуда а. Йеа зудчух шиъ – ткъех шо хенара хаза ши йоӏ. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а Вербицкий ца гинера цкъа а. Цуьнан йуьхь-сибат хаьара. Веа боьршачу стагах шиъ иза хуьлийла а дацара. Шиъ Вербицкийн хенара вара.
– Выхади па аднаму! – омра дира Аюба. – Па аднаму падхади ка мине!
Массарал хьалха машенара чувоьссира лохачу, стоммачу дегӏахь, ӏаьржа духар дуьйхина, некха тӏехь кхозуш дато жӏар йолуш стаг. Тӏаьххье охьайоьссина цхьа зуда цунна улло дӏахӏоьттира. Хетарехь, и шиъ зудий, майрий дара. Шен обанан кисанара схьадаьхна дашо сахьт а, бохча а Аюбе дӏакховдийра стага.