йукъа шен накъостех кхоккха стаг а вохуьйтуш, кхаа тобане а бекъна, царна хьалха къамел дира Зеламхас:
– Шух хӏоранца а шайцца къамел хилла цкъа хьалха сан накъостийн, тӏаккха сан. Ас дагалаьцнарг кхераме гӏуллакх дуйла а хаийтина шуьга. Вай гена, кхерамечу новкъа довлу. Кхерам а, ӏожалла а тӏехӏоьттича, цхьаьнггера а орца хир дац вайна. Дерриг а йа цхьадерш хӏаллакьхила а, чевнаш хилла, мостагӏчун карадаха а мега. Ша ӏожаллех кхоьрург, мостагӏчун каравахча, собаре хила а, сатоха а доьналла а ца хилла, шен накъосташна йамартло йина, уьш мостагӏчуьнга дӏабуьйцу берг хӏинцце, меллаша йукъара дӏа а къастий, цӏа гӏо. Нагахь санна кӏилло ваьлла йа чов хилла, мостагӏчун йийсаре нисвеллачо шен накъостий дӏабийцахь, уьш ӏедало лецахь, бехкечух оха луьра бекхам оьцур буйла а хаалаш. Вуй шуна йуккъехь кӏилло, йамарт стаг?
Цхьа а вист ца хилира. Йуха а шозза изза хаттар дира цо, амма цхьа а вист ца хилира. Ирзохь тийналла лаьттара.
– Хӏинца Делан пурбанца новкъа девр ду вай. Новкъахь цигаьрка оза а, хезаш къамелаш дан а мегар дац. Герз муьлххачу минотана а кийча хилийта. Халчу киртигана говраш кхоае. Новкъахь тӏекхаьчначуьнга дист ма хила. Кхераме нисделча, доха мегар дац. И кхерам дукха ца лаьтта. Эха сохьтехь сатоьхчхьана, йа вай мостагӏий байъина, йа мостагӏаша вай дайъина, дерриг а чекхдер ду. Новкъахь гужу йай а ма гӏо. Вовшашна йукъахь пхийтта, ткъа гӏулч йуьтуш, шишша-кхоккха цхьаьна хӏиттий гӏо. Цхьа а тӏаьхьа а ма виса, йуьстах а ма вала. Гӏуллакхна йуьстахвала везачо уллорчу накъосташка хаийта. Дисинарг йиллинчу меттиге вай дӏагулделча, цигахь дуьйцур ду вай. Бисмиллахӏир-рохьманир-рохьийм! Дала аьтто бойла вайн. Пайхамараш а, эвлайааш а орцахбовлийла вайна!
Тобанаш муьлхачу некъашкахула гӏур йу, царна коьртехь лаьттачу кхаанна бен ца хоуьйтуш, къайлехь латтадора Зеламхас. Цуьнан а, Саламбекан а ши тоба цхьана хенахь новкъа йелира. Зеламхин тоба – Гуьмсехула дӏа, Азамат-Юьрта уллохула Теркал дехьа а йаьлла, Саламбеканиг – Таш-Гечехула дӏа. Аюбаниг – цхьа сахьт даьлча, Саламбекана тӏаьхьа.
Апрель бӏаьстенан хьалхара бутт белахь а, хӏара буьйса хаддаза догӏа серсаш, цӏемза а, шийла а