шен обаргашца Гезлойн-Эвлехьа ваханийла. Амма цара Ардабьевскийн отряд Зеламха ца ваханчу агӏор дӏахьажийра.
Меттигера пурстоп Абдулкадыров хӏумма а доггаха ца лелара. Цунна дика хаьара, Зеламхина дуьхьал нисйелча, шен жимачу отрядера цхьа а стаг дийна вуьсур воцийла. Цундела, гена ца волуш, Таш-Гечана а, Гезлойн-Эвлана а йуккъехь, буьйса шелйелча, цӏерш а латийна, цигахь туп тоьхна, сецира иза. Ткъа и цӏерш гина Зеламха, га тесна тӏех а ваьлла, Нохчмахка дӏавахара.
Эла Орбелианис, барт бетташ, жӏаьла санна, чехийра Вербицкий.
– Тхуна моьттура, хьо хьекъале, доьналле, майра стаг ву! Генахь лоькху зурма хазахета бохург хилла-кх иза! Ткъа хьо, ӏовдал тентаг хилла ца ӏаш, кӏилло а, кехатех ловзаран, маларан, зударшца сакъераран бен бала боцуш, йеса хӏума а хилла. Зеламхас, ша Гӏизлара вогӏу аьлла, де билгалдеш, хьайга кехат даийтича, иза Гӏизларера банк тало нах гулбеш ву аьлла, Стрижевс хьайга хьалххе хаам бича, хьайн отделера дӏа хӏунда ваьллера хьо? Кхузахь малар муьйлуш, кехатех ловзуш, мехкаршца хелхавуьйлуш, хӏунда ӏийнера хьо? Зеламха ца вевзара хьуна? Айхьа иза сийсазвича, цо хьайх бекхам оьцур буйла ца хаьара хьуна? Иза хаа хьекъал дацара хьан? Йа и хууш, веддера хьо хьайн отделера? Хьан отделехь итт эзар гӏалагӏазкхи, салтийн гарнизон, гӏалин полици, пурстоьпан стражникаш ма бара. Оцу ницкъашца лоцур вара хӏаваэхула тӏомаваьлла воьдург а. Лоцур вара, цигахь шу ӏовдалийн, кӏиллойн метта кхин нах хиллехь! Хьан гӏоьнча а, гӏалин хьаькам а хилла селхана малар мийлина, синкхетамах ваьлла ӏуьллуш. Шу ӏовдалш бахьана долуш, ткъе шийтта салти а, банкан казначей а вийна, маситтанна чевнаш йина. Ткъа Зеламха шен разбойникашца цхьаьна, церан догӏмех цхьа мерцхалг а ца доккхуьйтуш, дӏавахана! Гӏалагӏазкхийн, Россин эскаран сий дайъина аш! Хьуна а, хьан гӏоьнчина а тоьпаш тоха йезара, жӏаьлешна санна. Амма и кхел оха суьде йойтур йу!
Вербицкийс, вист а ца хуьлуш, ладуьйгӏира карзахваьллачу элин йаппаршка. Цо дог диллинера шен гӏуллакхах. Кхуза областе вогӏуш баккхий сатийсамаш бара цуьнан. Хастам а, инарлин чин а. Ткъа хӏинца, шен долчух ваьлла ца ӏаш, эхье суд лаьттара цунна хьалха…