Иза дуьххьара Шемалан заманахь йукъайаьккхинера Кавказан администрацис. Хӏетахь Шемална дуьхьал, йа нийсса аьлча, нохчашна дуьхьал дегӏастанхойн, гуьржийн, кхечу ламанхойн отрядаш вовшахтоьхнера. Ткъа 1877-чу шарахь нохчийн гӏаттам хьошуш, вайн эскаршца дакъалецира дегӏастанхойн, нохчийн, гӏалгӏайн, хӏирийн, гӏумкийн йолахойн отрядаша. Бакъду, тӏамна жигара бацара уьш, амма талорашна тӏехь йоккха жигаралла гайтира цара.
– Хӏетахь тӏом бара, хьан локхалла. Ламанан халкъашца. Ткъа таханлера хьал шатайпа ду. Зеламха а, цуьнан гӏера а, ӏедална-м хьовха, хӏокху махкарчу дерриг халкъашна а зуламе йаьлла. Зеламха дийна йа вийна ӏедална тӏевалийначунна ахь берхӏитта эзар сом ахча кхайкхийна. Ткъа хӏара ламанхой, къаьсттана – нохчий – оцу мехах шайн да-нана а духкур долуш бу. Цундела, хьан локхалла, ламанхой вайна гӏоьнна йукъаозор, пайде хилар бен, зене хир дац, моьтту суна. Зеламхина а, цуьнан разбойникашна а тӏехь мостагӏаллаш ду. Церан чӏирхошца болх а жигарабаьккхича, дика хир дара аьлла, хета суна.
– И болх а оха беш бу, эла. Зеламхин коьртах ахча кхайкхийна а дукха хан йу. Цхьа а ца карийна тхуна оцу ахчанах кхел кхочушйан резахилла.
– Хӏинццалц Зеламхина дуьхьал йинчу операцешкахь зеделла, – дуьйцура Андронниковс, – кхузахь ша гатвича, иза шен гӏеранца Дегӏастанахь, Хӏирийчохь, Хевсуретехь къайлаволуш хилар. Цига некъаш дӏакъовла деза цунна. Суна хетарехь, и ӏалашо кхочушйан тӏеман ницкъаш бац Теркан областехь. Кавказан наместнике Дегӏастанара а, Гуьржийчуьра а эскарш вайна гӏоьнна дахкийтар ахь дехча бакъахьа хетара суна. Уггар хьалха дегӏастанхойн дошлойн бӏо а боьхуш.
– Дика ду, эла. Оцу хьан идейна тӏехь ас ойла йийр йу.
– Хьан локхалла, суна ӏаламат хазахетар ду, нагахь санна сан идея вайн йукъарчу гӏуллакхна пайден хилахь. Амма операци мухха чекхйалахь а, сайн сийлахь декхар лору ас лаьмнийн чӏажашкахь лечкъаш, тешнабехкаца адамаш дойуш лела Зеламха боху и кӏилло а, цуьнан разбойникийн гӏера а, чхьаьвригаш санна, хӏаллакйар. И ӏалашо кхочушйеш, сайн ӏожалла хилахь, айса дуьненахь йаьккхина хан эрна хетар йац суна!