Тӏаккха цхьа Дала йаздиннарг хир ду тхох. Делан кхелах кӏелхьардевр дац, мел идарх а. Амма тхоьца висахь, йа салташа вуьйр ву хьо, йа ӏедало Сибрех вохуьйтур ву. Бийсолта, жима велахь а, хеназа дегӏ даьккхина, тӏехьаьжча стаг хета. Хӏара а йа салташа вуьйр ву, йа схьа а лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Тхоьца висча, хӏокхуьнгара хила гӏо а дац тхуна. Тхан цӏийнан боьршачу нахах дийна висинарг Зеламха а, хӏара а ву. Хӏара кегий бераш ца дагардича. Цундела Бийсолта а хьайца дӏавига. Делан къинхетамца, салташна гучу ца довлуш, диса а ма мега тхо. Кхоош диъча, шина-кхаа дийнахь даа рицкъа ду тхоьгахь. Зеламхина тӏе а кхачий, тхо кхузахь дисар хаийта цуьнга…
Бийсолта, цӏерга ши бӏаьрг а боьгӏна, вист ца хуьлуш хиъна ӏара. Амма цуьнан коьртехь ойланийн уьйриг хьийзара, ша хӏун дича бакъахьа ду ца хууш.
– Хьуна хӏун хета, Бийсолта? – хаьттира цуьнга Элбарта.
Бийсолтас доккха садаьӏира.
– Ца хаьа суна, айса хӏун дича бакъахьа хир ду. Цхьана агӏор, Беци бакъ лоь. Кхузахь висча, соьгара хила гӏо ма дац хӏокхарна. Бецис ма-аллара, йа салташа тоьхна вуьйр ву, йа лаьцна дӏавуьгур ву. Соьга берриг а салтий байалур ма бац. Хӏан, итт а, ах бӏе а вуьйр ву ас. Йа ас цхьа а веле, цара со вуьйр ву. Йа, схьа а лаьцна, хӏокху зударшца, берашца вигна, набахти кхуссур ву, тӏаккха Сибрех вохуьйтур ву. Иза хилча а, важа хилча а, хӏокхарна а, сан вешина а соьгара хила гӏо дац. Цундела, хьоьца дӏа а веана, сайн вешех дӏакхетча, со пайден хир вара аьлла, хета. Шолгӏа, сайх тешийна дитина Беци а, Зезаг а, бераш а дӏа а тийсина, кӏилло санна, вада а ма ца лаьа суна. Сайн са дадийна ваханарг хир ву со нахана хьалха. Дела ву сан дагара хууш, со ӏожаллех ца кхоьру. Амма эрна ӏожалла хила а ца лаьа. Бецис а, Зезага а аьлларг дийр ду ас. Цаьршиннан лаамна тӏехвала бакъо йац сан.
Шина зудчо хьеха а ца дайтира Бийсолта шайца вуьсур ву бохург. Массарна мара а кхетта, вежарийн бераш а хьаьстина, Элбартаца дӏавахара Бийсолта.
Кхин цкъа а вовшашна ца ган…
Зеламхин коьртах берхӏитта эзар сом ахча кхайкхийна дукха хан йара. Цунах бархӏ эзар пачхьалкхан казнера ахча дара, итт эзар – оццу гӏуллакхна нохчийн йарташкара нуьцкъах даьккхинера ӏедало.