муха ваьллера, хьан ваьккхинера. Зеламхас ша Пачхьалкхан Думе йаздинчу кехат тӏехь ма-аллара, йа Зеламха а, йа Саламбек а обаргаш бина а, хила аьлла а ца кхоьллина Дала. Уьш хӏокху ӏедало кхоьллина обаргаш бу, уьш ӏедало баьхна зуламан новкъа. Саламбекан дайн латта, ӏедало цуьнан дегара дӏа а даьккхина, гӏалагӏазкхашна деллера, ткъа и шайн дайн хилла латта цхьана ханна мехах схьа а эцна, цу тӏехь йалта а кхиош, доьзална рицкъа лаха вахана Саламбекан да Гасаоджа, ӏедалан омрица цуьнан миска лаппагӏа а йагош, гӏалагӏазкхаша вийнера. Саламбекан ден вешин кӏант новкъахь тӏенисбеллачу бехна хьерабевллачу гӏалагӏазкхаша вийнера. Ткъа бехкенаш ӏедало жоьпе а ца озийра. И тайпа меттигаш цхьана Саламбекана нисъелла ца ӏа, уьш бӏеннаш гӏалгӏашца, кхечу ламанхошца а хилла. Ӏедалан бертахь гӏалагӏазкхаша йарташ талайо, адамаш дойу, зударий сийсазбо. Бехкенаш таӏзарза буьту. Пачхьалкхана текхамаш бойтуш, халкъ чӏанадаьккхина. Къоман экономика, культура, дешар кхиорехь ӏедало деш хӏумма а дац. Ӏедалан харцонаша, къизалло вина Саламбеках обарг. Ӏедало делла цуьнан кара герз. Ӏедало ваьккхина иза зуламан новкъа. Тахана суьдехь бехкевийриг Саламбек хила ца везара, вай нийсо йан гӏерташ делахь, ткъа иза обарган новкъа ваьккхина областан, округийн, отделийн администрацийн чиновникаш, атаманаш хила безара. Уьш цкъа а ца ховшийна оцу гӏанта тӏе, хӏунда аьлча, нохчо, гӏалгӏа, муьлхха а туземец вийча, бехкениг жоьпе ца озаво. Хӏунда аьлча туземцаш адамаш ца лору, уьш закон йукъа ца богӏу, законал арахьа хӏиттийна. Цундела лерамечу суьдан председателе а, къаношка а сан дехар ду, лакхахь ас далийна бакъдерш тидаме а эцна, Гасаоджев Саламбек таӏзарх маршавоккхуш, кхел йар.
Суьдан председатель Саламбекана тӏевирзира:
– Хьан дехар дуй суьде?
Саламбек адвокате хьаьжира.
– Хьайна къинхетам беха суьде.
– Къинхетам боьхур бац ас, – сацам боллуш вистхилира Саламбек. – Амма харцо цалелор доьху ас суьде. Инарла Михеевс суна дош делла ирх ца оллийта. Ткъа прокуроро ирхъолла кхел йар дехна суьде. Инарла Михеевс тоьпаш тоьхна вен суна дош деллийла шена хуъушехь. Хӏетте а кхин хӏунда дуьйцу прокуроро?