тешаш а, Делах кхоьруш а волчу стага дийр ма дац и зуламаш…
Соип-Моллин хьехам чекхбаьлча, цхьана йукъана тийналла хӏоьттира маьждиг чохь. Овхьадана уллохь шен мара ийзийнчу стага, хьала а гӏеттина, Соип-Молле хаттар делира:
– Соип-Молла, цхьаболчу ӏеламнаха олуш хезна суна: стага летийнчу къиношна Дала гечдийр ду, нагахь санна и стаг, ша динчу вочу гӏуллакхашна дохко а ваьлла, ша валале ийманехь нислахь. Со къона волуш, сайн дегӏехь ницкъ болуш, Далла ӏамал йар ледара хилла сан, къоланаш деш а лелла. Оцу айса бинчу некъана дохковаьлла, Далла сайна хуу ӏамал а йеш, гӏийла-мискачарна сагӏа а луш, гӏуллакхашца нахана, йуьртана гӏо а деш, схьавогӏу со хӏокху тӏаьххьарчу ткъа шарахь. Оцу цхьаболчу ӏеламнаха ма-дийццара, ас летийнчу къиношна Дала гечдийр дуй-те суна?
Соип-Молла, корта а ластош, велакъежира:
– Шена луург дан ницкъ болуш а, къинхетаме а, комаьрша а ву Аллахӏ. Амма иза нийса хьукма деш а ву. Далла ӏамал йеш, Цо бусалбанашна тӏедехкина декхарш кхочуш а деш, хьанала къа а хьоьгуш, хьарамчух лар а луш, дуьненахь йаккха шена тоьхна хан текхна, Шена дуьхьал веана стаг а, ткъа Ша бусалбанашна тӏедехкина декхарш кхочуш а ца деш, Шена ӏамал а ца йеш, хьарамчух лар а ца луш, къоланаш, талораш а деш, адамаш а дойуш, дуьненахь хан а текхна, Шена дуьхьал веана стаг а Дала цхьана даржехь нисвича, нийса хир ду аьлла, хетий шуна? Тӏаккха-м Дела нийса кхел йеш хир ма вац! Ша дуьненахь летийнчу къинойх Далла хьалха жоп дала деза хӏора адамо, царна догӏу ӏазап такха деза жоьжахатехь. Дуккха а къинош летийначара дуккха а ӏазап токхур ду, кӏезиг къинош летийначара – кӏезиг. Ткъа шен дахарехь ша летийнчу къиношна ша валале дохко а ваьлла, шахӏадат далийча, Дала цунна и къинош гечдо бохуш, хьоьга дийцина ӏеламнах йа шаьш галбевлла, йа хьо царах нийса ца кхетта. Делах ца тешаш йа Дела цхьаъ ца веш, ӏалайсалам, Мухьаммад пайхамар къобал а ца веш, къинош а летош, дуьненахь хан а йаьккхина, ӏожалла тӏехӏоьттича, дохкодевлла, цара шахӏадат далийча, Дала гечдийраш кхин адамаш ду. Дала, ӏалайсалам, вайн пайхамар Мухьаммад бусалба дин кхайкхо ваийтале, дуьнен чу Къуръан а доссадале, жӏарашна ӏамал йеш, даьхна адамаш.