ворданан дена баркалла а олий, чувуссий, фанерах йина, хено ӏаржйина шен чамда кара а лоций, йуха а хьалха дӏаволалора иза.
Ведана кхача цхьа-ши чаккхарма некъ бисча, Махкатӏехьара схьа стерчийн ворданахь вогӏучу воккхачу стага, ворда а сацийна, догцӏена вела а къежна, куьйга а, бӏаьргашца а ишар йина, вордан тӏе хаийра некъахо.
– Стерчашна ницкъ хир буй-те, со а тӏехиъча? – элира некъахочо, нохчийн маттана гӏеххьачул толкха а лелхаш.
Воккха стаг, цецваьлла, схьавирзира.
– Хьо мича къомах ву?
– Нохчо.
– Духар а, хабар а тера дац хьан нохчех.
– Ткъе ворхӏ шо ду со хӏокху махках ваьлла.
Воккха стаг цхьана минотехь, вист ца хуьлуш, ойла йеш ӏийра.
– ӏаьлбаг-Хьаьжа вохийначул тӏаьхьа лецначарех ву-кх хьо?
– Ву, дера.
– Мичара ву хьо?
– Яьсси йистера. Гати-Юьртара.
Воккхачу стага, бай сара а тоьхна, ши сту човхийра. Вордан тӏехь чордачу машех дина къорза гали дара тӏергӏах дуьзна, бертиг къевлина гуьмалк а йара. Цунна тӏегӏертачу зӏуганаша хоуьйтура гуьмалкахь моз хилар. Гомашан неӏ а, масех кхакха а бара ворданахь буха тесна. Коьртара схьабаьккхина бӏегӏиган куй хьаьрса маж-мекх даьллачу йуьхьах а, тӏаккха, хебаршка ихна, жӏомак хиллачу вортанах а хьаькхна, доккха садаьккхира воккхачу стага.
– Хӏаъа, дукха эрчонаш гайтира оцу шаро. Хӏара мацалла, хӏара къелла, хӏара харцонаш кхидӏа лан собар а кхачийна, гӏевттира нохчий. Цара сатийсина маршо а, сискал а, бакъонаш-м муххале а ца хилира царна, мелхо а, гӏуллакхаш кхин тӏе а галдевлира. Бӏеннаш, эзарнаш адамаш тӏамехь хӏаллакьхилира, бӏеннаш йартех, йагийна, чим бира, бӏеннаш доьзалш Сибрех бахийтира. Тхан Махкатӏера а, гондӏарчу йарташкара а хӏаллакьхилларш тоьур бара. Тхо цхьадерш-м, аренга а кхалхийна, дитира. Маршо-м муххале а ца хилира вайна, мелхо а, хьалхачул чӏогӏа къамкъарг ӏаьвдира. Са дала доьлча, буй малбеш, тӏаккха йуха а тӏекъовлуш. Даха а ца дуьтуш, йа, дайъина, дӏа а ца дохуш. Дависарг, цхьа ткъе итт шо мукъана а къона велара со. Хӏара цхьана болу ши сту а боьхкина, топ а, патармаш а эцна, оцу Зеламхех дӏакхета. Веддарг-хьаьддарг ца волуьйтуш, кху ӏедалан хьаькамаш байа.
Хӏокху махка кхаьччахьана, некъахочунна дукха хезара оцу