Мостагӏаша го бина,
Со йукъа хьовзийна,
Ӏожала тӏегӏерта,
Дера ка детташ.
Гонаха бӏаьрг бетташ,
Ас орца лоьху…
Халкъан илли
Зеламхина дуьхьал дӏайолийна муьлхха а кампани эхьечу чаккхенца йоьрзура Михеевн. Хӏинца Зеламха эвххьаза кхерстара Нохчийчохь а, Гӏалгӏайчохь а. Ткъа луларчу областашкахь а, губернешкахь а цо лелориг Михеевс тидаме ца оьцура. Цигахь Зеламхас лелочух Михеевга жоп ца доьхура. Шен областехь хуьлурш а тоьу цунна. Михеевна моьттура, ша Зеламхин доьзал амалтана а лаьцна, набахти чу кхоьссича, зударий, бераш цигахь хьийзорна кхоьруш, иза мелла а кӏадлур ву, шен лаамехь ӏедална тӏевогӏур ву. Мичара! Мелхо а, карзахваьлла. Михеевна, областан начальникна, кхерамаш тийса а воьлла. Цкъа кехат даийтира цо, ша доьзална дуьхьал Михеев йийсаре вуьгур ву аьлла. И кехат йуьхьанца хьесапе ца эца гӏиртира Михеев. Иза наггахь бен гӏали чуьра ара ца волура. Тӏаккха а уллохь дуккха а барамехь ха долуш. Цундела Михеев ца кхоьрура ша йийсаре вигарна. Делахь а, цкъацкъа, оцу кехато шен бертаза сагатдора цуьнан. Балхахь а, балха вогӏуш а, цӏа воьдуш а. Буса охьавижча а, ӏуьйранна самаваьлча а. Зеламхас хӏуъа а ма до. Масала, Соьлжа-Гӏаларчу хьолечу совдегаре Шавеловга, шена ахчанца йасакх такха, ца такхахь, ша бекхам оьцур бу аьлла, шозза кехат йаздинера Зеламхас. Совдегаро ларамаза дитира иза. Йасакх ца йеллера, жоп а ца йаздинера. Тӏаккха Зеламхас, шеца ши накъост а волуш, дийнан делккъехь вахана, корехула чу бомбанаш кхийсина, лелхийтинера совдегаран цӏенош. Цӏахь ша ларвеш ха делахь а, Зеламхас ишттаниг дарна а кхоьрура. Тӏаккха эскаран йоккха гарнизон, полици, жандармери йолчу гӏали чу а веана, ишттаниг дан хӏуттур вац иза олий, шена маслаӏат а дора Михеевс.
Амма Зеламхас шолгӏа даийтинчу кехато синтем байъинера Михеевн. Цуьнан йоӏ маре йахана нуц, француз Шарль Акс, некъийн коьрта инженер вара. Цуьнан дӏасалелар дукха хуьлура. Къаьсттана дукха Хӏирийчу а, Гӏалгӏайчу а, Гӏебарта а лелаш. Наггахь Нохчийчу а воьдура. Зудчуьнца театре, концерташка, гӏалел ара ӏаламе садаӏа а воьдура. И дерриг а дика хаьара Зеламхина.