– Дала ма хуьлуьйтийла иза. Вуьшта а аттачу хьолехь дац вай Кавказехь. Тхуна маслаӏате хӏумма а деаний ахь?
– Хаац, ас деанарг хьуна муха хетар ду. Теркан областехь хӏоьттинчу хьолан хьокъехь наместник дагавелира сох. Хьуна гӏоьнна кхуза кхин а цхьа полк хьажийча, муха хир дара-те аьлла. Со реза ца хилира. Масех дивизи кхуза йалийча а, Зеламха лацалур вац аьлла. Иза волу меттиг ца хаьа цхьанна а. Ткъа иза массанхьа а ву. Халкъана йукъахь. Нохчийчохь, Гӏалгӏайчохь, Дегӏастанахь, Хӏирийчохь, Хевсуретехь. Оцу халкъаша ларво иза. Цара цкъа а ӏедале схьалур вац Зеламха. Иза бахьана долуш шайна мел дукха бохамаш хилча а. Тхуна, кавказхошна, дика йевза тхайн амалш.
– Хӏета, оха хӏун дича бакъахьа хета шуна, хӏун некъ гойту аш?
– И халкъаш Зеламхина дуьхьалдаха деза.
– Иза дан а гӏиртина тхо. Цхьа а тайпа кхиам ца хилла.
– Шуна ца хиъна кхиамаш хилийта. Оцу къаьмнийн гӏиллакхаш а, амалш а шайна цайовзарна. Зеламхин дукхахболу накъостий, нах а байъина, тӏехь мостагӏаллаш долуш бу. Уггар хьалха церан мостагӏашца болх бан беза. Чӏирхошна герз а, ахча а луш. Шолгӏа, Зеламха лаьцна йа вийна новкъара ваьккхинчунна ца кхоош ахча кхайкхаде. Цунна харжаш йан ахча лур ду шуна. Амма дукхахдерг бахархошкара даккха. Уьш Зеламхина дуьхьал карзахбаха. Кхоалгӏа, Зеламхин ницкъ цуьнан накъостий бу. Накъостех дӏахаьдча, гӏорасиз хир ву иза. Уьш цхьана меттиге а гулбелла, лецалур а, байалур а бац вайга. Уьш, цхьацца вуьйш, байъина дӏабаха беза. Тӏаккха атта хир ду Зеламха лаца йа вен. Доьалгӏа, цхьана агӏор нохчийн халкъ дуьхьалдаккха деза Зеламхина. Вукху агӏор – лулара халкъаш Зеламхина а, нохчашна а дуьхьалдаха деза. Вуьшта аьлча, нохчашна а, луларчу халкъашна а йуккъехь мостагӏалла кхолла деза.
– Ахь дийцинарш дерриш а дан гӏиртина тхо, Асельдербек Казаналипович. Амма оха хьегна къа кхиамза дисина.