ӏедална дуьхьал болх бийриг. Зеламха ша цхьаъ а, бӏе Зеламха а ларор вацара цо дийриг дан. Цуьнан онда гӏортор йу Нохчийчохь, Гӏалгӏайчохь. И гӏортор цигара халкъаш ду. И халкъаш, цхьа буй бина, цхьаьнатоьхнарш динадай бу. Тайп-тайпана шайхаш. Шуна ӏаламат дика хаьа, Зеламхас Гӏизларера банк а, Соьлжа-Гӏаларчу станцин касса а талош, динан цхьана сектин коьртехь лаьттачу шайхан Баматгери-Хьаьжин кӏант цуьнца хилла хилар. Шу дуй баа даьхьара дарий, кхечу шайхийн, молланийн кӏентий Зеламхица ца хилла йа тахана а бац аьлла? Шайн шайхаша омра дича йа царна лаьий хиъча, жоьжахатин цӏерга лелха кийча бу церан мурдаш. Уьш бу Зеламхин гӏеранца а, зуламхойн кхечу гӏеранашца а. И шайхаш кхузара дӏа ца баьхча, цкъа а совцур дац областера зуламаш. Уьш кхузахь мел бу, Зеламха а хир ву. Цхьа Зеламха аш лаьцча йа вийча, цуьнан метта кхин зеламхагӏар гӏовттур бу. Шайн доьзалшца цхьаьна махках баха и шайхаш, кхиболу динан фанатикаш а. Разбойникийн меттамотт йаккхийчу йарташна генарчу, шун тергамна кӏел йоцчу лаьмнашкарчу, хьаннашкарчу кегийчу кӏотаршкахь бу. Уьш йохае, цигара бахархой аренга, йаккхийчу йарташка кхалхабе. Цул совнаха, Керкетехь Зеламхас байъинчу дошлойн, салтийн, инженерийн, некъан белхалойн доьзалшна а, Зеламха бахьана долуш зен-зулам хиллачу оьрсийн доьзалшна а гӏоьнна нохчийн йарташкара, бӏе эзар соьмал лахара доцуш, ахча даккха. Иза кхочушдан цхьа бутт хан ло шуна. Нохчийн йерриг а йарташка таӏзарийн отрядаш хӏиттае. Уьш кхабар бахархошна тӏедожаде. Зеламха-м хьовха, муьлхха а цхьа разбойник шен хӏусаме тӏеэцначу доьзална, дийнна йуьртана луьра таӏзар дан деза. И саннарг кхечу доьзалшка, йарташка ца леладайта. Хаалаш, кхузахь хӏоьттина зуламе хьал а, шун кӏедалла а цуьнан Воккхаллина императорна хууш хилар а, иза чӏогӏа шуна резацахилар а. Областера разбой тӏаьххьара а, гуттаренна а дӏайаккха хӏун гӏо оьшу шуна? Герз, эскар, ахча? Шуна оьшург дерриг а хир ду. Амма шу а хилийша жимма дийна, жигара. Кхузара хьал кхидӏа лан ойла йац цуьнан локхаллин наместникан.
Кхеташонан декъашхоша гӏайгӏане ойланаш йора. Цаьргара хӏун лоьху хӏокху паркетни инарлас? Хӏокхеран метта ша