тардира. Хьо а дӏайалийра. Суна зуда а йалийра. Доцца аьлча, хьуна дерриг а хаьа. Вежарша вешин дийр дацара цара сан дина дола. И шиъ йамартлонца вийна. Сан ши ваша. Со воцург, чӏир йекха верас вац церан. Вежарий бац. Цхьацца жима ши кӏант ву, диъ-пхи шо долуш. Зеламхех дӏа а кхетта, цаьршиннан чӏир йекха йеза ас.
Хӏинца кхийтира Деши кӏентан ӏалашонах. Цхьана агӏор бакъ вара иза. Аюб а, Абубакар а вежарийн метта ма хиллера Соипана. Дешина шен кӏентий санна. И дерриг Соипаначул дика хаьара цунна. Амма ненан дог… Соип цуьнан кийрахь ма кхиъна. Исс баттахь. Иза дуьнен чу волуш, йалаза ма йаьлла Деши. Иза кхиош бӏеннаш буьйсанаш набарза ма йайъина цо. Иза мацваларна, шелваларна, лазорна, валарна кхоьруш. Иза цхьаъ бен ма вацара цуьнан. Кӏентан ши кӏант-м ву. Дешина шен са санна дукхавезаш. Амма Соип цуьнан цӏий ду. Цуьнан дог ду. Иза вехь, садетталур ма дац цуьнга.
– Хьан ойла иштта хилар цхьана агӏор хазахета суна, Соип, – элира цо. – Хьан къамел къонахчун къамел ду. Данчӏин Болатан кӏентан къонах ца хила бакъо йац. Хьайн ткъе пхи шо а кхачале гайтина ахь хьайн къонахалла, доьналла. Доттагӏчунна орцахвала декхар ду къонахчун. Аюб, Абубакар санначу доттагӏашна орцахвалар – муххале а. Амма цаьршиннан чӏир йекхале хьайх хӏун хир ду, хаьий хьуна? Ахь чӏир йекхарх, уьш денлур ма бац. Цундела, суна хетарехь, цаьршиннан чӏир йекхар дац хьан декхар, ткъа цаьршиннан къеначу дай-нанойн, кегийчу берийн хьайн ницкъ кхоччу доладар ду. Амма и сацам айхьа тӏеэцале, цкъа хьалха хьайн зудчун а, шина кӏентан а ойла йан ма йезара ахь, Соип. Къена со-м хьехор а йацара ас. Хьо кийрахь волуш, ас лайна халонаш Аминате а, шина кӏанте а ӏийшийта, лайта воллу хьо?
Соипа, шинне куьйга корта а лаьцна, цӏенкъа а вогӏавелла, жоп ца луш цхьа хан йалийтира.
– Суна ха деш, дукха салтий буйла а хууш, цаьргахь герз дуйла а хууш, шаьшшиъ верна кхерам боллушехь, со кӏелхьарваккха царна дуьхьал ма ваьллера и шиъ, нана. Хӏетахь царна, со мила ву а, ма ца хаьара, вуьйцу а ма ца хезнера. Хӏетте а, и шиъ со бахьана долуш гуш лаьттачу ӏожаллина тӏевахара. Ткъа цара суна дина вошалла хьуна хаьа. Аюбан, Абубакаран чӏир ца йоькхуш велча, эхартахь цаьршинна дуьхьал