дог диллинера цо. Ӏожалла а йара, хӏора дийнахь го горгбеш, тӏегӏерташ. Беци, Зезаг берашца цхьаьна цӏа бирзича, ша велча а, шек ца волура иза. Набаро бӏаьрнегӏарш даздина тӏетеӏош, бераш дуьхьалтуьйсура. Тӏаккха, халла хаалуш балдаш делакъажийна, наб кхийтира цунна.
Зеламхас йоккхачу къайлехь кечйинера хӏара рейд. Цуьнан накъосташна а, кхин масех стагана а хаьара иза йармарка тало кечлуш хилар. Мухха делахь а, царах цхьаммо ша тешачуьнга дийцинера цунах лаьцна. Кица ду-кх, хьох-м тешара ша, хьо тешачух ца теша-кх бохуш. Цхьаьнга къайлах дийцинарг, къайлах кхечуьнга дуьйцуш, иза атагӏойн Юшаӏан лере кхаьчнера. Цо, сихха дадийна, Морганияна тӏедаьхьира и хабар. Амма хьалха Аюб итт туьманах воьхкинехь, шена шовзткъе итт туьма кара схьа ца делча, Зеламха ца воьхкира цо.
И мах бира цаьршимма 1911-чу шеран октябран 15-чу буса. Шеца Дагестански гӏашлойн полкан кхо рота а, гӏалагӏазкхийн ши сотни а, суьйлийн йалхитта дошло а волуш, вахана, Соьлжина го лецира полковнико. Гунаш тӏе пулеметаш хӏиттийра, йуьртара арадовлу дерриг а некъаш дӏакъевлира. Тӏаккха Юшаӏ хьалха а волуш, ӏодагӏеран цӏеношна тӏейахара поручикан Епифановн рота. Поручикана ӏодагӏеран цӏа а гайтина, Юшаӏ къайлавелира. Морганияс йерриг куп дӏалацийтира салташка а, гӏалагӏазкхашка а.
Салташна летачу жӏаьлийн гӏовгӏано самайаьккхира йерриг йурт. Хӏун дара а хаац, йуьрта салтий баьхкича, карзахдовлура жӏаьлеш. Уьш лаа ца летий хиъна, вуьшта а набарна сема Зеламха а, иза ларвеш хӏетта наб озийна хӏусамда Юнус а цхьатерра хьалаиккхира ӏуьллучуьра. Миччахьа а буьйсанна охьавуьжуш, шен герз катоьхча, схьаэца аьтто болуш охьадуьллура Зеламхас. Бедарш тӏе а йуьйхина, патармийн гӏап а, шаьлта а йукъах а йихкина, маузер коча а тесна, доьхкарх ши бомба дӏа а тесна, топ схьа а эцна, аравала кечвелира Зеламха. Хӏусамда цуьнца дӏагӏоьртира.
– Хьо чохь саца, – дуьхьал куьг тесира цунна Зеламхас. – Соьца дӏавагӏахь, вуьйр ву хьо! Цӏахь сецча, лацар бен, хӏумма а дийр дац.
Зеламха, ара а иккхина, топ йуьйлина беша а ваьлла, дӏахьаьдира.
Оцу деношкахь хаддаза догӏа доьлхуш, латта тӏунделла, хатт летара когех. Ткъех гӏулч гена а