Караловн омрица Масленниковс хьехана герга разведке хьажийра эскаран старшина Яковлев а, подъесаул Варламов а, лаамхойх пхи гӏалагӏазкхи а, Зеламхин цхьа чӏирхо а. Тӏулгех кхийзалуш, охьакхийсалуш, шершаш, лома йуккъе а бевлла, хьеха тӏе мосазза а тоьпаш туьйхира цара. Хьеха чуьра схьа шозза топ йелира. Варламов а, чӏирхо а, йуьхьаркхоссавелла, керчаш, кхийсалуш, бердах чу а вахана, цхьаццанхьа сецира. Хьеха чуьра шозлагӏа а шозза тоьхначу тоьпо шина гӏалагӏазкхичунна чевнаш йира.
Караловс машаре дийцарш дан Зеламхина тӏехьажийра цуьнан гергара стаг.
Сатоссучу хенахь хьалагӏеттина Зеламха, Хулхулон тогӏи чу а воьссина, цӏано а йина, шийлачу хица ламаз а эцна, хьеха хьалавелира. Перза а, суннат а ламазел совнаха а ламазаш дора цо. Тӏаккха вирд а доккхий, дехха доӏа а дой, паргӏатволура. Дала тӏедехкина декхарш кхочуш а дина, цӏе а латийна, сийсара йууш йисина кхоьш чохь болу йай очакха тӏе а хӏоттийна, самовара чохь чай даккха кечамбан вуьйлира иза. Ӏуьйре йинчул тӏаьхьа, чуьчча когаш бухкуш, маьнги тӏе охьа а хиъна, суьлхьанаш кара а лаьцна, зуькар деш ӏаш, лакха тӏера охьакерчаш беана жима тӏулг хьехан бертигна тӏехула чубуьйжира.
Хьала а гӏеттина, хьехан берте вахана, тогӏи чу, тӏаккха дуьхьал лома бӏаьрг туьйхира Зеламхас. Уьш мел лечкъа, ларбала гӏертахь а, шинххьа а салтий гира цунна. Лома буьххьерчу салташа хьеха тӏе тоьпаш тоьхча, царна дуьхьал топ ца тухуш ӏийра иза. Лома йуккъе охьа а бевлла, тоьпаш тоьхча, ца ӏевелира. Цаьрца ши эпсар а, цхьа нохчо а вара. И нохчо шен чӏирхойх хилар хаьара цунна, шеко йоцуш. Уьш даим а хуьлура цунна тӏаьхьатоллучу таӏзархойн отрядашца. Хьалха эпсарна, тӏаккха нохчочунна, хье йуккъе ниша а лаьцна, шозза топ туьйхира Зеламхас.
Тӏаккха цхьана ханна дӏатийра салтий. Амма Зеламха сема вара. Хьехана лакха тӏехь салтий буйла а, хаьара цунна. Цигара охьа наггахь тӏулгаш керчара.
Масех минот йаьлча, тогӏи чуьра хьала цхьаьннан мохь хезира Зеламхина:
– Ва, Зеламха! Тӏе ма тохалахь! Со Асламха ву хьуна! Полконако хьуна тӏе хьажийна со!