– Морганияс ма-дийццара, хила а тарло Зеламхин кӏелхьарвалар, – элира Масленниковс. – Амма и верси талла бехкенаш а, тешаш а каро беза. Цундела эрна хир дац кху чохь лаьтта масех нохчо дӏалацар.
Хьеха чохь лаьтта масех нохчо дӏалаца аьлла, есауле омра дира Караловс.
Хӏорш хьехара охьабиссича, Караловна тӏевеара эскаран старшина Яковлев.
– Хьехана тӏехула бердах цӏийн лараш карийна. Амма иза хьенан цӏий ду, ца хаьа.
Караловс тергал ца беш битира и хаам. Хӏун пайда хуьлу, баккъал а Зеламхин цӏийн тӏадамаш карийча а? Иза, карара а ваьлла, дӏавахана хилча? Тӏаккха цо ойла йира оцу цӏийн лоран. Хьехара охьа тогӏи чу мунда а кхоьссина, ломах хьала а ваьлла, дӏаваханчух тера ду иза. Цхьанхьа ирачу тӏулго куьг хадийна хир ду цуьнан. Сийсара дуькъа дохк ма дара. Дала аьтто бина цуьнан кӏелхьарвала…
Каралов кхийринарг дира областан газеташа. Цара хаамаш баржийра, шайн коьртехь Ведана-округан начальник подполковник Каралов а, полковникаш Моргания, Масленников, Мокрицкий, поручик Кибиров а болуш, масех бӏе пластунаша а, гӏалагӏазкхаша а го бинера Зеламха чохь волчу хьехана. Кхаа дийнахь-буса гонна йуккъехь латтийна обарг, ши салти а, ши гӏалагӏазкхи а, цхьа стражник а вийна, ворхӏанна чевнаш а йина, къайлаваьлла, ткъа Каралов а, Моргания а кхиамза иза лоьхуш ву бохуш.
Караловс шен дагахь дуйнаца чӏагӏо йира тахана шена йуьхьӏаьржо йина Зеламха хӏаллакван йа ша хӏаллакьхила…
Хьан Локхалле хоуьйту ас: хӏокху шеран 8-чу декабрехь, суьйранна исс сахьт даьлча, сан агента хаийтира соьга, разбойник Гушмазукаев Зеламха Хорачана кхо чаккхарма генахь ламанан цхьана хьехахь буьйсанаш йохуш ву аьлла.
Нохчийчохь вай мел къайлах вовшахтоьхна гӏуллакх а Зеламхин дуккха а барамехьчу агенташкахула сихонца цуьнга дӏакхочу. Цундела йоккхачу къайленца сиха отряд а кечйина, буьйсанна ши сахьт долуш, Веданара дӏа Хорача вахара со.
Буса хьехана луьстта го а бина, цхьана къайленгахула араваьлла Зеламха кӏелхьарвалахь а аьлла, коьртехь подъесаул Варламов, подпоручик Лопатчиков волуш, лаамхойх отряд йахийтира ас разведке.