Тӏехь коч йоцуш, ахберзина лела. Маьттаза йаппарш йо. Кертахь шайна хазйелларг схьаоьций, шайн долайоккху. Докъарш, дайш чуьра хьаьжкӏаш шайн говрашна йаайо. Оцу дерригенал а лан хала йара йуьртара хӏаваъ дуьйлина царах йогӏу шатайпа боьха хьожа.
Саьӏадана хьаьнца, мичахула, хӏун некъ карийнера, ца хаьара, и салтий йуьртара дӏабаха. Хетарехь, уьш кхуза бахкийтинчунна кхузара дӏабохург цо а, ӏабдис а дуккха а ахча деллачух тера дара. Тӏе, ӏабдин совдегаршкахула йаккхий уьйраш йара Буритахь.
Лаьмнашкахь, генарчу цхьана жимачу кӏотарахь къайлаваьлла, масех шо а даьккхина, хӏинца ша ӏедална вицвелла хир ву аьлла, шен керлачу доьзалца винчу йуьрта цӏа вирзинера Соип а. Масех шарахь дӏатесна лаьттина Дешигӏеран керт-ков тишделлера. Бух бахкабелла, хирцинера бешана гонахара керт. Бешахь коьллаш кхиънера, къух даьллера. Беданан, рагӏун тхов тӏекхеттера. Бух чу а текхна, разйаьллера хьаштагӏ а. Шарахь къахьегарх а ларор вацара Соип и йоьхна, тишйелла керт-ков меттахӏотто. Амма цунна гӏо дира ӏусмана а, Овхьада а, Мохьмада а.
Хӏокху тӏаьхьарчу хенахь йуьртахь кест-кеста хуьлура Овхьад. Россехь массанхьа санна, хӏокху областехь а дӏатийнера революцин дарц. Кхузара дӏабовла ца кхиъна большевикийн, кхечу мелла а демократе партийн куьйгалхой лецнера ӏедало. Митингаш, забастовкаш, стачкаш дӏатийнера. Хӏинца къайлах болх бора революционераша.
Тховса ӏелин хӏусамехь хьошалгӏахь вара Овхьад. Оцу шиннан ойланех, дахаран ӏалашонех, дуьнене хьежамех кхеташ стаг вацара, хӏокху Гати-Юьртахь-м хьовха, йерриг Нохчмахкахь а. Дуккха шерашкахь каторгашкахь халонаш лайначу, цигахь тайп-тайпана дуккха а адамаш, къаьмнаш, церан гӏиллакхаш, амалш, ӏер-дахар девзинчу церан дуьнене хьежамаш, кхетам шатайпа бара, вовшашка дийца а, дагавийла а дуккха а хуьлура.
Ӏусманан хӏусамнанас Меданас чомехь чӏепалгаш а даийна, тӏе чай малийнера. Тӏаккха пхьуьйра ламаз дина ӏела а, Овхьад а масех де хьалха меттигерчу цхьана газет тӏехь Соип-Моллас а, ӏаббас-Моллас а нохчийн халкъе а, Зеламхе а, обаргашка а, талорхошка а бина кхайкхам бийцаре бан вуьйлира.