– Хӏан-хӏа, луралла дац со а, сан накъостий а арабаьхнарг, – эххар а ӏелин хьалхарчу хаттарна жоп делира цо. – Массарна а йолу къеллий, мацаллий, мискаллий хилла а ца ӏа со обарг ваьккхинарг. Вайгарчу берриг бохамийн, баланийн, гӏайгӏанийн нана хӏара Делан неӏалт хиларг – паччахьан ӏедал – ду, ӏела. Къеллина а сатуху. Мацалла а лало. Ӏожалла а, тахана ца хилахь, кхана хир йу. Халаниг, сацатохалург, собар кхачориг хӏун ду аьлча, ӏела, цхьаммо хьо сийсазвар, хьо, стаг-м хьовха, адам а цаларар ду. Веданахь гӏап мел йу, оцу гӏопа чохь эскар мел лаьтта, харцо дӏайер йац Нохчмахкара. Ткъа мел йу и гӏаьпнаш Нохчийчохь? Нохчийн дегӏана дина даьӏнаш ду уьш. Царал сов, вайн мохк, халкъ дегайуккъехула доькъуш, йехкина гӏалагӏазкхийн йарташ. Хьо ца хилла Ведана-гӏопехь, со а хир вацара, цхьа а нохчо а гӏур вацара цига шен лаамехь, амма эшамо вуьгу. Эшам даим а тоьлу къехочун ницкъал. Оцу гӏопан баролал чоьхьа туьканаш йу оьрсийн а, вайнехан а совдегарийн. Башха а дац, хьеннан хилча а. Йерриг а цхьа хьакхарчий йу уьш. Тӏейуха бедар йеза. Кертахь марс-мангал, бел-шада оьшу. Уьш, цаьргара ца эцча, кхин хуьлийла йац. Кхечухьа-м гӏур вара, амма хьо дӏакхаьчначохь бухахь изза хьакхарчий карайо-кх. Хьо хилла вац, ӏела, Ведана- гӏопехь. Дала тӏе а ма доуьйтийла хьуна цига вахар. Зуда санна, йукъ а йаьстина, шаьлта салташка а йелла, церан цхьамзанашна кӏелхула а ваьлла ваха веза цу чу. Цара боьлуш, ӏоьхуш, хьо сийсазвеш йечу йаппаршка ла а доьгӏуш. Хьанна хаьа, цара хӏун дуьйцу, уьш стенах буьйлу? Дегӏах хьуьйсу. Зударшна а… Вайца дерг дерриг а беламе хета царна, дерриг а сийсаздо цара – Дела а, дин а, амалш а, гӏиллакхаш а, духар а. Ден да вара тхан бӏе цхьа шо долуш. Къоьжа, букар а хьаьвзина. Тхан да а, со а Соьлжа-Гӏаларчу набахтехь волуш, шен кхетам бацарна, тхо цӏа хецахьара аьлла, дехар эцна шена тӏевеача, Веданарчу полконака Добровольскийс, цуьнан сирйелла маж а лаьцна, иза дӏаса а лестош, нанна хьежош, йаппарш йинера цунна. Муха хета хьуна иза? Ас марахдаьккхира цунна иза. Оцу гӏопан баролал чоьхьа бехачарна шаьш элий, ткъа арахьарнаш лайш хета.