Хьан да-нана дӏакхелхина. Асхьаб туркойн тӏамера цӏа ца веана. Хонкарахь вийна, цигахь дӏавоьллина иза.
Да-нана дийна хир доцийла-м хаьара Овхьадана. Иза царах дӏакъаьстинчу хенахь цаьршиннан кхузткъе итт сов шераш дара. Ткъа Овхьадан ваша Асхьаб хӏокхул кхо шо бен воккха ма вацара. Дех а, Асхьадах а тера а воцуш, догцӏена, къинхетаме, оьзда ваша ма вара иза. Да а, Асхьад а хӏокхунна дов дан воьлча, даим а Овхьадехьа гӏо ма доккхура цо. Нана а, Асхьаб а дац аьлча, дог ӏаьвжира цуьнан.
– Ровзан а, ӏабди а долуш ду. Шиннан а доьзалш а бу. Маре бахана йоӏарий а, зударий балийна кӏентий а бу. Берийн бераш а ду. Ткъа хьо цӏахь воцуш дуккха а нах белла йуьртахь.
– ӏабди хӏун деш ву?
– Шун дех йисина туька жима а хетта, кхин йоккха туька йина цо. Хӏокху агӏор цхьаьннан а йац иштта йоккха туька. Оьрсийн махкара тайп-тайпана товар а дохьу цо шен туькана. Ӏедало дика лоруш а, хьаькамашца гӏуллакх догӏуш а ву. Йуьрта баьхкина хьаькамаш цуьнан хӏусамехь совцу.
– Асхьабаца тӏаме бахнарш цӏа баьхкиний? Уьш дийна буй? Товсолтин Хьуьси а, Борахин Саьӏад а, Сатун Солтха а?
– Сатун Солта кхузахь тӏом болуш цӏа ма веанера. Туркошца тӏамехь пхьарс а баьккхина.
Иза а велла. Важа шиъ волуш ву. Саьӏад – йуьртда, Хьуьси йуьртан къеда ву.
– ӏелин а, Аьрзун а кӏентий болуш буй?
– ӏелин воккхахволу кӏант ӏумар вац. Нах леца йуьрта тражникаш баьхкича, вада гӏоьртича, вийра иза. Ӏусман ву. Аьрзун Мохьмад дукха хан йоццуш япон тӏаме вахана. Иза а, Аьрсамирзин Эламирза а, Солтхин Солта а. Аьрру пхьарс а баьккхина, цигара цӏа веана Солта.
1877-чу шарахь оьрсийн-туркойн тӏом болабелча, оцу тӏамехь туркошна дуьхьал тӏом бан Къилбаседа-Кавказерчу къаьмнех бӏаьхаллин дакъош вовшахтуьйхира паччахьан ӏедало. Кхечу къаьмнашна йукъахь дика чекхделира и гӏуллакх. Нохчех ши полк вовшахтоха йезара, амма кхузахь цхьа полк вовшахтоха а нах ца тоьура. Тӏаме воьдучу стеган шен герз а, говр а хила йезара. Ткъа къехойн иза а, важа а дацара. Цига баха луучарна йал а кхайкхийра ӏедало, йолах баха луурш а кӏезиг карийра. Маситта шарахь шайна дуьхьал тӏом бинчу, шайн йарташ йагийнчу, шайн халкъ ах хӏаллакдинчу, дийна бисинарш къизачу ӏазапехь латточу оьрсийн