оьрсашка ца долуьйтуш, тӏе йаккхий тоьпаш йетташ, йуханехьа лаьхкира уьш туркоша. Уггар хьалха вуьйжира Чора, тӏаккха Аьрзу. Тӏаккха и тогӏи йуьзира зударийн, берийн декъаша…
Хонкара кхелхинчеран кхоллам буьйцу-м дукхазза а хезнера чохьболчарна. Амма цул тӏаьхьа иттаннаш шераш девлча, и дерриг шен бӏаьрга гинчо дуьйцуш, лерина ладоьгӏура цара.
– Бусалбанаша бусалбанашна тӏехь и къематде хӏоттийна бохучух тешар вацара-кх со, ӏела, иза кхечо дийцинехь! – элира Лорсас. – Дала дихкина ма ду бусалбано бусалба вер…
– Дуьне къийса боьлча, ца хоьржу бусалба а, керста а, – йукъавуьйлира Ахьмад. – Бусалбанаш хилла ца ӏаш, цхьа нохчий долу вай а дац ткъа вовшийн дойуш? Шемалан заманахь вовшех лийтира, тайпанашка а декъаделла. Ӏаьлбаг-Хьаьжа имам ваьллачу хенахь цунна дуьхьал леташ а бара нохчий. Оьрсийн эскарийн могӏаршка а хӏиттина. Тахана вайга безам болуш ӏаш бу ткъа ӏабдигӏар, Хьуьсагӏар?
– Туркойн эскарша тхуна тӏе йаккхий тоьпаш йеттарх, туркойн халкъ бехке дан мегар дац, – элира ӏелас. – Хӏетахь цига кхелхинчу масех эзар ламанхоша ӏаламат холчухӏоттийнера бухара туркой. Шаьш мел къен-миска белахь а, тхуна гӏо дора. Кхачанций, хӏусамашций. Массо агӏор а тхан дог эца гӏертара. Дозанехь тхуна и бохам хилча, орцах баьхкира гондӏара туркой, курдой, гуьржий, эрмалой. Байъинарш дӏабухкуш гӏо а дира, дийна бисинарш кӏелхьара а бехира. Цхьана къоман кӏеззигчу нахах зулам даьлча, и къам дерриг бехке до. Ткъа оцу къоман кӏеззигчу наха дина дика церан шайн цӏарах кхайкхадо, йа дийца а ца дуьйцу. Вон халкъаш дан а дац дуьненахь. Уьш дерриг а цхьана Дала кхоьллина. Амма хӏора халкъана йукъахь зуламе адамаш ду. Нохчашлахь а хӏумма а кӏезиг дац йамарт, зуламе, оьздангаллех доьхна адамаш. Уьш гуш ду вайна. Халонгахь девза адамаш. Сибрехь соьца лагерехь бара массо къаьмнех нах. Майра, оьзда, хьекъале къонахий а бара царна йукъахь дуккха а, адамаллех цхьа чо боцуш нах а бара. Дерриг а Дала кхоьллина ду-кх вай. Диканаш а, вонаш а.
Къамелаш хьаьвззина тахана Нохчийчохь хӏоьттинчу хьолана тӏе девлира.
– Цхьацца йарташа ӏедална йечу дуьхьалонех хӏун хир ду-те, ӏела?
– Тӏехь лан ца даллал ӏазап а, харцо а латтош