дӏахьажийра туркойн тӏаме. Хортӏин а, Асхьадан а сутаралло, къизалло хӏаллаквина Асхьаб. Хийрачу махкахь ӏожалла хилла, хийрачу махкахь лаьттах воьллина. Хьенан дуьхьа, стенан дуьхьа? Шен халкъан мостагӏчун оьрсийн паччахьан дуьхьа, Россин хастаман дуьхьа.
Хӏинца оьрсийн-японцийн тӏаме а бахана нохчий. Шиний агӏонгахьара харцонан тӏом ма бу иза а. Россис а, Японис а къуьйсург йа оьрсийн а, йа японцийн а латта ма дац. Цигахь бехарш йа оьрсий а, йа японцаш а ма бац. Самг къуьйсуш лета меца, сутара ши жӏаьла ма ду и шиъ. Ткъа оцу девнехь оьрсийн жӏаьлехьа гӏодаккха, лата, бала бахана нохчий. Къелло бигна-кх. Амма къелла а, мацалла а шаьш леш хилча а, баха ма ца безара уьш цига. Нохчийн гӏуллакх ма дац оьрсийн, туркойн, японцийн, кхечеран а девнна йукъагӏерта, шайн а, кхечеран а цӏий ӏено. Нохчийн къам декъаза, жима къам ма ду. Тоьур ма ду цуьнан хӏаллакьхилар. Цо лайна халонаш, баланаш, бохамаш. Иза ша лардала ма деза керлачу баланех, бохамех. Иза ша ца ларлахь, цунна тӏе бохам беача, цунна орцахдала, цунна гӏо дан, цунах къахета, дог лаза дуьненахь цхьа а къам ма дац. Хилла а дац, хир а дац.
Ойланаш йора Дешис а. Дӏадаханчу ткъе ворхӏ шарахь а, тахана а шен синтем байъина ойланаш. Уьш Овхьаде йалхийра цо.
– Делхьа хаац суна-м, Овхьад. Наха дийцарехь, шен маршонехьа, нийсонехьа къуьйсу бохуш, масех бӏе шарахь тӏом бина вайн къомо. Сан дас а, ден дас а, цуьнан дайша а. Тӏаьххьара а ӏаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча, ша къанвелла кӏелвисча, герз кара ца оьцуш ӏийра сан да. Со-м зуда йу, соьгахь-м хьекъал а дац, хӏетте а даим а дӏа леташ, тӏом беш, хӏаллакьхуьлуш хила деза вай? Мичахь йу цаьргахьа къуьйсуш, нохчийн къоман масех тӏаьхье хӏаллакьхилла и маршо а, нийсо а? Йац иза. Хьалха дӏа бӏаьрг тоьхча, гуш а йац. Хӏун хилла оцу маршонехьа, нийсонехьа къийсинчу вайн йуьртахойх? Вайна бевзинарш а тӏаьхье йоцуш байна. Аьрзу Хонкарахь вийна, цуьнан кӏант японан тӏаме вахана, цигара дийна цӏа воьрзур вуй а, хаац. Ӏела Сибрехь вайна, цхьа кӏант вийна. Мӏаьчиг а, цуьнан кӏант а тӏамехь вийна, тӏаьхье йоцуш вайна. Болатан да Хонкарахь велла, Болат Сибрехь вайна, Соӏип а цунна тӏаьххье дӏавахийта новкъаваьккхина. Бийца дукха