даим дегӏ цӏена леладора Зеламхас. Йовхачу хенахь аьтто хуьлура ламанан хиш чохь лийча. Шийлачу хенахь ша эвхьаза волчу нахехь, хи а дохдойтий, луьйчура. Ӏожалла ма йара, кӏажош хьоьшуш, тӏаьхьахӏоьттина лелаш. Цӏеххьана цо катоьхна вожавахь, дегӏ цӏена хила лаьара. Маж-мекх а, шен хенахь лоргуш, тамехь латтадора. Хӏокху тӏаьххьарчу хенахь дегӏан доладан аьтто ца нисло. Сих-сиха хийца беза меттамотт. Караловн, Морганиян, Кибировн айкхех ларлуш, цхьана йуьртара кхечухьа кхелхаш. Дено-дено хала хуьлу цунна и некъаш дан. Ницкъ бац. Азвелла. Йуьхь йуткъайелла. Маж-мекх дахделла. Хьехахь хан йоккхуш, цхьацца белхаш беш, куьйгаш а шагделла.
Нохчийн масех лоьро дарбанаш лелийна цунна. Цхьацца бецийн муттанаш, хьорамийн чай мийлош, моз даош, саьрамсаькх, хох, моз эдеш бина белхьам баош. Цхьацца йараш, ножан ковсташ кхехкош, церан ӏаьнарна тӏехийшош а. Амма цамгар дӏа ца къаьста. Хӏокхунна дарбанаш лело оьрсийн лор вало а, цхьанхьа шахьара хӏара дӏавига а ца баьхьа.
Хӏинца гуьйренан хьалхара бутт болабелла. Кестта йочанаш йуьйлалур йу, тӏаккха ӏа тӏедогӏу.
Хӏара цамгар дегӏах дӏа ца къаьсташ, ӏаьнна кӏел гӏахь, цунах хӏун хир ду-те…
Сибрехара цӏа берзийна цуьнан доьзал. Соьлжа-Гӏалахь бу, боху, Мирзогӏеран доьзалехь. Набахтехь санна, гонаха салтийн ха а хӏоттийна. Ши шо сов хан йу цунна зуда а, бераш а газа. Шо гергга хан йара цаьргара хабар хазаза а. Хӏинца цаьргара хьал-де хаьа цунна. Уггар хьалха тӏекхаьчнарг шийла кхаъ бара. Сибрехь цуьнан жима Ахьмад а, Солтамурдан Лом-ӏела а велла. Ма йоьхна хьийзина хир йу Беци а, Зезаг а. Нохчо-м хьовха, цхьа а бусалба а воцчу оцу пана махкахь. Шениг валар-м ца ӏаьткъинера Зеламхина. Цуьнан хӏинца а ши кӏант ву. Мохьмад а, ӏумар-ӏела а. Солтамурдан цхьа кӏант бен ма вацара. Кхин бер а ма дацара. Тӏаьхье ца йисина цуьнан. Атталла йоӏ а. Бийсолта а велла зуда йалоза. Жима волуш. Пхийтта шо долуш. Хӏинца Зеламхин кхаа а вешин тӏаьхье йац… Хасин, Солтамурдан, Бийсолтин. Кхуьй а вийна…
Деа берах а хӏун хир ду-те? Муслиматах, Энистах, Мохьмадах, ӏумар-ӏелех? Зеламхин дуккха а чӏирхой ма бу. Шина йоӏана-м кхерам бацара цаьргара. Зударех чӏир ца йоькху.