– Шахӏаб бакълоь, Муртаз-ӏела, – элира шелахочо.
– Дика ду. Ахча хӏинцца схьалой цо?
– Ахча цуьнгахь дац. Гӏуллакх чекхдаьлча, цо схьадохьур ду.
– Хьо теший цунах?
– Теша.
– Хьо а ӏехавахь?
– Шуьшинна кхочург дӏадала сайна тӏелоцу ас.
– Хӏета, Зеламха волу меттиг дӏайийца тхойшингара пурба ду хьуна. Муртаз-ӏелас цига дӏайуьгур йу отряд.
Хьеший болчу йухавирзича, шайн бартана тӏера поручика а, йуьртдас а стаканаш дуьззина, ткъа Шахӏаба ши къурд къаьркъа дӏамелира. Тӏаккха кхерзинчу котаман ши гӏогӏ а диъна, араваьлла Кибиров Йовмирзин кӏотара сихвелира.
Галаев, Каралов, Моргания, Донагулов, Долидзе, Кибиров…
Уьш берриг а ламанхой бара. Гуьржий, хӏирий, абхазаш, дегӏастанхой. Оьрсийн ӏедалан карахь толлу жӏаьлеш. Ӏедалан ши ӏалашо йара уьш Зеламхина тӏаьхьахоьцуш: Зеламха хӏаллаквар а, нохчашний, луларчу къаьмнашний йукъахь мостагӏалла кхоллар а.
Поручик Александр Кибиров хӏири вара. Теркан областехь, Черноярски станицехь вина. Дуьххьара Гӏизлара-Гребенски гӏалагӏазкхийн полкехь волавелира иза эскарехь гӏуллакхдан. Тӏаккха паччахьан конвойхь, лакхарчу эпсаран чинехь. Йуха Оренбургерчу гӏалагӏазкхийн училище деша вахара. Амма иза чекхйаккха хьекъал ца тоьъна, паччахьан конвойхь гӏуллакхдан йухавирзира.
Оьрсийн-японийн тӏом болабелча, Куропаткинца фронте вахара иза. Цигахь Дагестански дошлойн шолгӏачу полкехь тӏамехь дакъалецира. Тӏом чекхбаьлча, оццу полкаца Дегӏастана веара. Тӏамехь майралла а, хьуьнарш а гайтарна, Георгин кхоалгӏачу а, йоьалгӏачу а даржийн орденаш йохьуш.
Хӏетталц ша гайтина хьуьнарш хьесапе ца лорура цо. Поручикан чин а лахара хетара. Зеламха лаьцча йа вийча, полковникан чине дог дохура цо. Бакъду, иттех де хьалха областан администрацехь хиллачу цхьамогӏа хийцамаша жимма сагатдора цуьнан. Кибировн дика йукъаметтигаш кхоллайелла инарла Михеев областан начальникан даржера мукъаваьккхина. Даржехь лахвеш, Тифлисе дӏавигна иза. Кибировн доттагӏалла тасаделла масех чиновник а мукъаваьккхина. Михеевн метта областан начальник хӏоттийна инарла-лейтенант Сергей Николаевич Флейшер. Немцочух хилла оьрси. Кибировн цуьнца хьалхара