Гӏараваьлла полководец цӏонтаройн Шоӏип-Молла шен тайпанан наха вийра.
Гӏараваьлла полководец курчалойн Тӏелхаг веллачул тӏаьхьа, наха буса каш а даьстина, дакъа схьа а даьккхина, цуьнан доьзалан цӏийнан неӏар тӏе а товжийна, арахьа дӏахӏоттийнера.
Гӏараваьллачу майрачу къонахчо бенойн Бойсагӏара, тӏамехь шен цхьа пхьарс, цхьа ност, цхьа бӏаьрг баьккхича а ца соцуш, тӏом бира шен халкъан маршонехьа. Тӏаьххьара а паччахьан эскарша гатвина, Бена-йуьртана гена йоццуш цхьана хьехахь шен доьзалца иза къайлаваьлча, нохчочо паччахьан эскарш тӏе а дигна, лацийтина, Хаси-Юьртахь ирхъоьллира. Ткъа цуьнан ши накъост Дуин ӏумма а, Атин Атаби а Россин къилбаседа губернешка ссылке вахийтира.
Мискачу халкъан орцахо, Делан новкъахь хилла эвлайаъ Кунта-Хьаьжа, цхьаболчу нохчийн гӏоьнца Шемала махках а ваьккхина, масех шарахь Маккахь, Меданахь ваьхна, Шемал йийсаре ваханчул тӏаьхьа даймахка цӏа вирзича, цхьаболчу нохчийн йамартлонца паччахьан ӏедало махкахваьккхина, даймахкана генахь, керстанийн махкахь къайлавелира.
Иштта, халкъо дӏатесна ткъе пхи шо хенара ӏаьлбаг-Хьаьжа, ша бахьана долуш халкъ ца хьийзадайта, шен лаамехь паччахьан ӏедална тӏе а вахана, салташка, чаьлтаче шен дегӏах куьг ца ӏуттуьйтуш, тангӏалкхаш кӏел хӏоттийнчу гӏанта тӏе ша хьала а ваьлла, шен логах ша муш а тесна, ког тоьхна гӏант дӏа а харцийна, ирхъоллавеллера. Оцу дийнахь изза дира суьйлаша йамартлонца оьрсийн инарлин кара веллачу Дуин ӏуммас а, цуьнан кӏанта Дадас а.
Хӏинца хӏара Зеламха а. Иза къона, могаш, дегӏехь ницкъ болуш, халкъан бекхамча волчу хенахь шен турпал, орцахо лоруш айъинера, амма да, вежарий байъина, доьзалх къаьстина, цамгаро кӏелвитинчу хенахь дӏатесира. Дӏатесна ца ӏаш, йамартлонца вейтира.
Нийса аьллера Шемала: нохчийн шайн къонахий хьалабохуш гу а бац, зуламхой чукхуьйсуш ор а дац.
Цхьа масех де даьлча, Къилбаседа Кавказерчу а, столицин а газеташа дуьне мел ду, кхаъ хилла, даржийра Зеламха вийна аьлла хабар. «Кавказера хаамаш» цӏе йолчу деккъа цхьана газето, халахетарца кадам беш, хаам бира, Зеламха вийна аьлла.