Неӏ а херйина, цаьршинга ладоьгӏуш сан кӏант Барон а, арахь кора кӏел Ваха а лаьттара. Ӏумар-ӏелас ӏедална тӏевола бохура цуьнга. Абаев реза вара, нагахь ша ца вейта ӏумар-ӏелас дош лахь. Делкъал тӏаьхьа къамел гӏовгӏане делира цаьршиннан. Абаевс маьттаза дешнаш кхуьйсура. Шен хаьн тӏера маузер ца хьаеш, четара схьайаьккхина, ӏумар-ӏелина йамартлонца тапча туьйхира Абаевс. Арахь, кора кӏел лаьттачу Вахас, коран ангали дохийна, чу тапча йиттира бандитана. Барон цӏа чу иккхича, Абаев велла ӏуьллуш, ӏумар-ӏела чов хилла карийра цунна. Сихха Махачкалара уггар говза хирург валийна, операци йира, амма цунах гӏо ца хилира. Цхьаъ бен жим бацара ӏумар-ӏелин. Цунах кхеттера дӏаьндарг…[8]
Муслимата а, Эниста а шира суьрташ гайтира суна. Сибрехь долуш даьхнарш а. Вийна ӏуьллучу Зеламхина тӏехӏиттина гӏалагӏазкхаша а, дегӏастанхоша а даккхийтина маситта сурт а. Цхьанна тӏехь Зезаг, Муслимат, Мохьмад, кхин цхьа йоккха стаг а йара.
– И зуда мила йу? – хаьттира ас.
– Ца йевза тхуна. Цхьанхьара йалийна, тхуна улло хӏоттийнера иза.
Шаьшшиннан тӏаьххьара цхьаьна даьхна суьрташ делира цара суна. Тхан цхьаьнакхетар хиллачул тӏаьхьа пхийтта шарахь йехира и шиъ. Муслимат 1990-чу шеран 13-чу сентябрехь дӏакхелхира, Энист – цунна тӏаьххье, цхьа кӏира даьлча…
Луларчу къаьмнаша йоӏбӏаьрг санна лерина ларбо шайн историн, культурин хӏолламаш. Масала, масех бӏешо хьалхалера гӏишлош, бахаман а, пхьоланийн а гӏирсаш, герзаш, пхьегӏаш, хӏусамера йийбар. Хӏинца, цивилизацин, электроникин заманахь а, цара дӏа ца тосу бӏешераш хьалхалера шайн къоман белхан шира говзаллаш. Уьш тӏекхуьучу тӏаьхьенашна, ӏамош, дӏало. Дегӏастанахь дуккха а барамехь дешин-детин а, цӏестан а, эчиган а, тӏулган а, кхийран а пхьераш бу. Вертанаш, истангаш, кузаш деш, кхин дуккха а шира говзаллаш йолуш зударий, божарий бу. Цигахь йозанца дӏайазйина йу хӏора йуьртан масех бӏешеран истори. Хӏора тӏаьхьено лерина дӏайаздо шайн заманахь оцу йуьртахь хилларш. И тептарш тӏекхуьучу тӏаьхьене дӏало.
Шен дӏадахнарг ца хуучу халкъе керланиг а, тӏехиндерг а кхоллалур дац. Дӏадахнарг таханенан а, кханенан а бух, орам бу.