Дала лардойла вай. Амма хӏара дуьне доладелчахьана хьарамло йоцуш совдегар хилла а вац, йа хир а вац. Массо а ву вовшийн ӏехо гӏерташ. Забарш йуьтур вайша. Хӏан, кху йарташкарчу нахера ас цхьацца сурсаташ оьцу. Уьш оьцуш лела а, уьш кхузара дӏадахьа а дуккха а хан йеза, къахьега деза, харж йан йеза. Тӏаккха масех дийнахь, цкъацкъа масех баттахь а, цӏийнах-цӏарах, йуьртах-махках а волий, уьш дохка воьду со. Хьан хьоьгур дара и къа, шена жимма а тӏе са ца йаьлча? Хӏан, оцу хьан вордан чуьра тӏаргӏа, неӏ, кхекхий асий, со санначой дӏа ца эцча, хьо хӏун дан воллура? Кепек пайда а боцуш, довр дара-кх. Уьш эцна хьо Соьлжа-Гӏала, Гӏизлара, атталла Хаси-Юьрта а гӏур вац. Вахча а, хьо цига базара а вуьтур вац. Гӏаланашка-м хьовха, вешан йарташкарчу базаршкахь ца дита а долийна вай-м. Лурчах Шаӏми-Юьртан базарахь хилларг ца хезна хьуна? Гой хьуна, нагахь кхета шун хьекъал делахь, ас а, со санначо а доккха гӏуллакх до шуна.
Тасухас доккха садаьккхира.
– Сан мостагӏчунна ма дойла аш и гӏо. Цхьана агӏор ӏедало тӏе налогаш йетта, хӏора шарахь алсам а йохуш. Уьш дӏа ца текхча, салтий а балош вогӏий, пурстоьпо, кертахь йелахь, бежана а, газа-уьстагӏ а, уьш йацахь, цӏа чуьра йийбар а дӏахьо. Хӏара къиза къахьоьгуш ӏаӏийнарг, берийн багара а йаьккхина, цхьанна йохка ваха воьлча, цига а ца вохуьйту. Тхоьгарчу халчу хьолах пайда а оьцуш, шу цхьа нах, цӏубдарш санна, тхан догӏмех летта. Хӏумма а дац, Бета, цхьа де догӏур ду оха шуна и марах доккхуш. Оцу Зеламхас ша Веданарчу оьрсийн совдегаршна диннарг ма дахьара хьуна!
– Цуьнгахьара-м кхерам бацара суна. Цкъа-делахь, Носов санна, хьал долуш вац со. Шолгӏа-делахь, Зеламха вайн нохчо ву, тӏехула тӏе, цуьнан нана тхан цӏийнах а йу. Доцца аьлча, сан йишин кӏант ву иза.
Тӏаьххьара кӏур а баьккхина, цигаьрка дӏакхоьссира Тасухас.
– Дера хӏета, ахь дуьйцург бакъделахь, и шайн нуц а, цуьнан кӏентий а лецна ӏедало хьийзочу хенахь царна орцахвала везаш ма хиллера хьо.
– Ишттачу гӏуллакхана йукъагӏерта ницкъ ма бац соьгахь. Со цхьа миска Делан лай ма ву.
Совдегаро, мохь туххуш архаш а ластийна, говраш дӏалелхийтира.
– Цуьнан оцу дерстинчу дилха йукъахь доцуш экха дац, – элира Тасухас,