Ӏелина уллохула тӏехбовлучу наха, куьг а лоцуш, маршалла-могашалла хоттура цуьнга. Къамел доца хуьлура, шина-кхаа дашца, дисинарг куьйгашца, доьлучу бӏаьргашца дуьйцура.
– Как дела, муьжги? Матушка яхши? Баранчук яхши? Баранчук чорак ест? – хоьттура цара, чӏоггӏа ӏелин куьг а ӏуьйдуш.
Цара буьйцу и «оьрсийн мотт» нохчашлахь баьржина дукха хан йара. Жима волуш дуьйна ӏелина а хаьара иза. «Гӏуллакхаш муха ду, муьжги? Зуда могаш йуй? Бераш могаш дуй? Берашна сискал йуй?» – хоьттура цара ӏелига. Массарал а тӏаьхьа вогӏучу буьрса йуьхь йолчу лекхачу стага, ша маршалла хаьттина ваьлча, нехан тоба йолчухьа дӏаозийра ӏела:
– Вало, гӏазкхи, гуламе. Тхан йуьртда селхана Ведана, шен ден цӏа, вахана веана. Цо тхуна хӏун совгӏаташ деана, хьожур ву хьо.
Ӏела ца вахара цуьнца. Нехан хеттарех къехкара иза. Хьанна хаьа, йуьртдас кехаташ хаттахь а. Тӏаккха нахана хуур ма ду, хӏара мила ву.
Маьждигана гонаха йинчу аьчган кертана арахьахула охьадехкинчу аннаш тӏе охьа а хевшина, вовшашка лохха къамелаш деш ӏара баккхий нах. Бисинарш тӏехӏиттина, цара дуьйцучуьнга ладоьгӏуш а, шайн-шайн тобанаш йина, къамелаш деш а лаьттара. Нехан йаххьаш тӏехула бӏаьрг тоьхча, хиира ӏелина шаьш кхуза гулдинчу гӏуллакхна уьш цуьрриг а реза боцийла, дегаза гулбеллийла а. Амма, мел хаа гӏертарх, цунна ца хаьара оцу баккхийчу нахах баьчча мила ву а, къаной муьлхарнаш бу а. Тӏаккха, уьш хӏинца а схьакхаьчна хир бац аьлла, хийтира цунна.
Тӏеоьху адамаш севцча, гонаха керт йоцуш, шакъаьстина лаьттачу цӏенойн гӏишло чуьра араваьлла масех стаг веара майдана. Хьалха вогӏучу буточу, лекхачу стеган коьртарчу куйнна хьарчийна кӏайн чалба а, гӏодайукъ къевллина дихкина цхьа куьг шуьйра ӏаьрбийн доьхка а дара. Бӏаьргех доьхкина куьзганаш а, кара лаьцна суьлхьанаш а долуш, йуткъа-йеха хьаьрса маж а йолуш, кегий гӏулчаш йохуш, цунна тӏаьхьауьдура йуккъерчу дегӏара эгӏаза стаг. Хьалхарниг хьаьжо хилар билггал гуш дара, ткъа хӏара шолгӏаниг моллех тера хийтира ӏелина. Духаре а, боларе а хьаьжча, важа шиъ а таро йолчу нахах вуйла, хиира цунна. И виъ стаг тӏекхаьчча, майданахь къамелаш лагӏделира.