Ас и кха аьхча, оцу тӏера со дӏаваккха къонах-м вацара хӏара Саьӏад, амма ӏедале дӏа а велла, Сибрех вохуьйтур ву. Ӏедал хьолахочуьнгахьа ма ду. Аш сан латта лачкъийна, Саьӏад. Хьан да Товсолта а хилла къу, хьо а ву къу. Со вац. Со хьанна къола дина гучуваьлла хьуна?
– Охӏ! Хье тӏехь маӏаш йолуш хила веза, моьтту хьуна, къу? Гӏалагӏазкхийн, ногӏийн, гӏумкийн говраш а, даьхни а лечкъош, уьш Нохчмахкахь, ӏаьндахь духкуш вац хьо?
– Ас ногӏийн, гӏумкийн, цхьана а бусалба стеган цкъа кхалла рицкъа ца лачкъийна, Саьӏад. Ас Теркал дехьарчу гӏалагӏазкхийн даьхни лечкъийна. Къечу гӏалагӏазкхийнаш а ца лечкъийна. Мискачеран цӏий муьйлуш болчу, шу тайпанчу, хьал долчу гӏалагӏазкхийн даьхни лечкъийна. Йа нийсса аьлча, цигарчу къечу гӏалагӏазкхаша хьолахойн лачкъийна, сайга схьаделча, хьала а далош, кхузахь йа ӏаьндахь дӏадухку. Оцу тӏера йолучу хӏуманах доьзал хене баккха гӏерта со. Цкъа доцург, со а, сан накъостий а бахьанехь цхьана а йуьртана гӏуда а ца тоьхна… Иза а оха, совнаха а токхуш, дӏатекхна оцу йуьртана. Иза жайнахь муха хир ду, ца хаьа суна, Хьуьса, хӏинца дуьйна дӏа цхьа ойла йу сан. Теркал дехьарчу сан хьешаша гӏалагӏазкхаша даим а соьга даьхни хьалакхоьхьуьйтуш, ткъа со даим а ши куьг лестош, царна тӏе а воьдуш, гӏиллакхе ца хета суна. Схьатоьхча, дӏатоха олуш, цхьа кица ду вайн. Иштта, шу цхьа таро йол-йолчу нехан даьхни наггахь мукъана а Теркал дехьа ца дигахь, цигарчу сайн накъосташна хьалха йуьхьӏаьржа хуьлу со…
– Тхан даьхни а дигна, стигала вала воллура хьо, лаьттах вола воллура хьо, Хьомсуркъа?
– Стигала а ца волуш, лаьттах а ца вулуш, Зеламхех дӏакхетар вара-кх, Инарла.
– Хьайца со а вигалахь, Хьомсуркъа!
– Зеламхина ца оьшу Хьомсуркъа тайпа къуй а, хьо тайпа малархой а, Мудар!
– Тӏаьххьара а цхьа-ши дош олу ас, – шен къамел дерзо вуьйлира Хьомсуркъа. – Вайн йуьртана харцонца тӏедожийна ткъа туьма гӏуда йа ӏедале дӏадаккхийта, Саьӏад, йа бехкениг а каравай, цуьнга такхийта. Иза а, важа а дан шаьш къонахий дацахь, шайн кисанара дӏало. Таханчул тӏаьхьа нахана йуккъехь диканна а, вонна а сан цӏе ма йаккхалахь. Со ӏедалан бага а ма ӏитта. Со дӏавоьду кхузара, соьца вогӏург схьатӏаьхьахӏотта.