Замано а, ӏедало а къинхетамза болх бинера нохчийн къам шен оьздачу гӏиллакхех а, амалех а дохорна тӏехь…
Оцу дийнахь суьйранна бен шен хӏусаман да ца гира ӏелина. Хӏара ӏуьйранна хьалххе гӏеттина араваьлча, рогӏехь жа дажо вахана иза суьйранна бен цӏа ца веара. Шайн хьешо божали чуьра кхелли дӏайаккхар хиъча, оьгӏазвахана, зудчунна дов дан вуьйлира.
– Хӏай, стаг, хӏай, ахь соьга хӏун де боху? – йелха ийзайора бехкалъйахана хӏусамнана. – Вайн устазора, ца хиъна суна цо динарг делкъехь бен. Ас пхьарс лаьцна ийзаварх, чу а ца веара, даккха гӏертарх, шада соьга схьа а ца делира. Ахь сайн бехк бийр буйла хууш, со-м дукха гӏиртира цуьнга и дӏа ца йаккхийта.
Дарвелла хӏусамда генавала воллийла хиъначу ӏелас хала меттавалийра, дерригенна а ша бехке ву, мукъалла са а гатделла, хӏусамнене а ца хоттуш, и болх шеггара бира ша аьлла.
Ӏелас хӏусамдега дийцира тахана ша йуьртан гуламе нисвалар, амма цигахь дуьйцуш шена хезначух дош а ца элира.
– Цигахь хилла воццушехь, хаьа суна йуьртдас хӏун дийцина, – цавашаре куьг ластийра хӏусамдас. – ӏедалан налогаш а, гӏуданаш а дӏатакха деза, ца такхахь, тражникаша, схьа а баьхкина, кертахь мел долу хӏума дерриг а лаххьийна дӏахьур ду, баьхна хир ду цо. Хьесап дина ца валлал дукха йу и налогаш, цхьацца цӏерш а техкина. Ког а тасабелла, галвалахь а гӏуда туху. Йуьрта мел веана а, йуьртахула чекх мел волу а хьаькам кхаба веза, цунна говраш, гӏудалкх латто йеза дӏасавига. Сайн шина старах чомахь дезар эца йиш ца хилла сан цкъа а. Даим дӏа ӏедалан гӏуллакхашна лаьхкина лелош. Дӏадаханчу шарахь йетт белла сан, бердах а бахана. Цунна тӏаьхьара шинара тӏедогӏучу шарахь бен дехкар дац. Кертахь шура йоккхуш бежана ца хилча, берашна дан хӏума ца хуьлу. Суна тӏехь пхи туьма ӏедалан налог йу. Йуьртдас а, писаро а тӏе мосазза кхечи а, керта хӏуьттуш дӏайоьху иза. Ас мичара ло ӏедална пхи туьма налог? Аттана тӏаьхьа кхиъна дохкуна духкур ду, олийла а дац. Шиннах цхьа сту боьхкича, ши куьг а хаьдда вуьсур ву. Стохка тражникаш а балош веанчу пурстопа налогана дуьхьал кӏудал а, тиша куз а баьхьна сан. Хӏинца, базара йаьккхича, мах хоттур болуш хӏума йац сан декъа тӏехь. Тхешан ден хилла герз дахьа