пхьола дан кхуза вогӏуш, Андри цӏе йолуш, Оьрза-Гӏалара цхьа гӏалагӏазкхи вара бохуш. Оцу гӏалагӏазкхичо шайна дуккха а гӏо дина, олура цо. Хьо хилла-кх иза.
Ӏела дуьххьара гуш санна, лерина цуьнга хьаьжира иза.
– Тӏаккха, оцу сан хьешах ӏелех хилларг хаьий шуна?
– Хӏетахь лаьцна, Сибрех вахийтина иза, кхин хабар доцуш, вайна ткъе берхӏитта шо ду. Цуьнца лецнарш а байна, иза а вайна.
– Суна вевзинчу хенахь зуда а, ши кӏант а дара цуьнан. Царах хӏун хилла-те? – садаӏар сацийна, ладуьйгӏира ӏелас.
– Цхьаберш дийна бу.
Хазахетта, ӏелин дог тохаделира.
– Мичахь бу уьш? Хӏокху йуьртахь буй?
– Бу дера. Цуьнан жимахволу кӏант ву со, ткъа…
Дӏахьажавеллачу хӏусамдена гира бос баьхьна, макхвелла шен хьаша.
– Ой, хьуна хӏун хилла? – хьалаиккхира хӏусамда. – Же, ма ӏелахь, зуда, шийла хи далахь!
– Ца оьшу, – меллаша хӏусамда дӏахилийра ӏелас. – Цкъацкъа коьрте цхьа чӏогӏа лазар туху суна. Сихха дӏадолу. Хӏинца дӏадели. Тӏаккха, дийцал ахь. Хьан цӏе хӏун йу?
– ӏусман.
– Хӏаъа, ӏумар, ӏусман йарий цуьнан шина кӏентан цӏерш. Ӏумар хӏун деш ву?
Ӏусманан йуьхь кхуьйлира.
– ӏумар воцуш ву…
Ӏелин дагна кхин а цхьа чов хилира, амма дерриг а лан ӏеминчу цо сатуьйхира.
– Муха хилла цуьнан ӏожалла?
– ӏаьлбаг-Хьаьжина тӏаьхьа а хӏоьттина, тӏаьххьара де тӏехӏотталц тӏом бира цо. Цкъа чӏогӏа чов хилира. Гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа нах леца йуьрта салтий баьхкича, церан кара ца ваха, вада гӏоьртира иза. Салташца хиллачу тасадаларехь ӏожалла хилира цуьнан.
Хилларш карладевлла, цхьана йукъана вист ца хуьлуш, ойланашка велира и шиъ.
– ӏелин вешин зуда а, кӏант а дара. Цаьршиннах хӏун хилла?
– Цуьнан зуда пхи шо хьалха кхелхина. Кӏант волуш ву. Дукха хан йоццуш хӏокху эвларчу шина стагаца японца болчу тӏаме вахана иза.
Хьаша йуха а дӏатийра.
– Шайн ден цӏенош хилла меттиг дӏа хӏунда тесна аш?
– Тхан цӏенна товш йацара иза. Оцу меттига тӏехь тхан ден дас дина цӏенош а, тӏаьххьара а тхан дас дина цӏенош а дагийна. Иза-м хьалха тӏом болуш хиллера. Ткъа цул тӏаьхьа тхан дас шозлагӏа доьгӏна цӏенош а, иза лаьцна Сибрех а вахийтина, пурстопа дагадайтира. Наха олура тхоьга, и меттиг шуна товш йац, шун цӏийнах висина ши кӏант хӏаллакьхилахь, цӏийнан