хьоьга ца дича, валац со. Вайн эвларчу Акхболатан Ахьмадана хьахийна Айза. Ас а, Айзас а тӏе ца дитира и захало. Амма наха оцу захалонна йукъаваьккхина сан устаз. Хӏусамда велла йа доьза вайна цхьа хан йаьлча, бусалба дино а, нохчийн ӏадато а зудчунна маре йаха бакъо ло. Кхузахь эхье-бехке хӏумма а дац. Шу ши кӏант а кхобуш, йерриг а къона хан дӏайахана хьан ненан. Велларг йуха ца вогӏу, дийна висинарг ваха везаш а ву. Хӏинца, хьо воцург, шун цӏийнах боьрша стаг йа зуда а ца дисина. Нанас цхьана дена вина цахиларх, ваша а, йиша а хуьлу. Айза кхечухьа маре йахча, хьуна вежарий, йижарий хиларе дог а дохура ас. Айзас-м шега хьеха а ца дойту маре. И захало дар доьхуш, тховса суна тӏе стаг воуьйтур ву устазо. Устазан дехар йухатоха бакъо йац сан. Амма хьан бертаза иза хуьлийла а ца лаьа». Сайна мел хала хиллехь а, ненан дена луучунна тӏетайра со.
– Оцу Акхболатан Ахьмадехь йу иза?
– Йу.
Ӏелас ойла йира…
Цунна карладелира тӏеман тӏаьххьарчу шеран аьхкенан цхьа довха де. Стаг йукъа а ца гӏорталуш йуькъачу, дӏаьвше кӏохцал долчу оьртханан коьллаша дӏалаьцна гезлойн аре. Цӏеххьана Хошкалдана тӏегӏоьртина инарла Бакланан дошлойн эскар. Оцу гонахарчу шина-кхаа йуьртара зударий а, бераш а регӏаца йолчу йарташка дӏакхалххалц, нохчийн оцу агӏор болу ницкъ гезлошний, хошкалдахошний тӏехьарчу дукъаца чӏагӏбаллалц, и тӏегӏерта оьрсийн эскарш совцо дезаш йа вала везаш дӏахӏоьттина ши бӏе гергга нохчо. Царна йукъахь вара ӏела а. Де делкъанга даьлча, тӏеетта йолийнчу йаккхийчу тоьпаша бухйохуш, ирхъоьхуьйтура оьртханан коьллаш. Дага дуьйлира хошкалдахойн цӏенош. Йухадовлуш, дӏайадо аьтто хирриг, шайн ши йоккха топ гу тӏе, варшахь къайленга а хӏоттийна, царна кхераме йоцчу метте хьуьна чохь говраш дӏа а йихкина, мостагӏа тӏекхачаре хьуьйсуш ӏара хӏорш.
Дуьне къардан санна, оьрсаша цхьана-шина сохьтехь тӏейиттина йаккхий тоьпаш жимма лагӏйелира. Хӏоьънаша аьттачу оьртханан коьллийн арахула шуьйра йукъ дӏалаьцна хьалха доладелира гӏашлойн эскар. Хӏора минотехь гергайогӏура йеттачу вотанийн гӏовгӏа. Малхехь лепара салташа хьалха лецначу тоьпашна буьххьера ира цхьамзанаш, эпсарийн белшаш тӏера дешин