Цул тӏаьхьа шех хилларг ца хиира ӏелина. Буьйсанна йуккъехь синкхетаме веача, цунна йуххехь хевшина ӏаш бара Аьрзу а, Маккхал а, чов хилла пхьарс кочахь Акхболатан Ахьмад а…
Ӏела, доккха са а даьккхина, ӏусмане хьаьжира. Хаац, цо стенан ойла йора, цунна а хӏун карладаьллера. Амма иза а вара, куьйга корта а лаьцна, гӏайгӏане-гӏийла.
Акхболатан Ахьмад, йуьртахо хилар бен, гергара а, йа доттагӏалла долуш а вацара ӏелин. Амма иза вуьззина къонах вара, цӏахь а, арахь а шел дика кхин хуьлийла доцуш, тешаме а, дика накъост а вара. Ӏелина цкъа а ца дицлора хӏетахь цо ша ӏожаллех кӏелхьарваккхар.
– Муха стаг ву и Ахьмад? – хаьттира ӏелас.
– Дика стаг ву. Суна а, да санна, дика ву.
– Ткъа Айза реза йуй цунна а, шен маренна а?
– Нанна а дика ву. Массарна а дика ву иза. Амма сан нана ирс дайна, декъаза зуда хилла. Ша цӏа мосазза йогӏу, тхан хьалха хиллачу беша а йоьдий, цӏенойх бисинчу борза тӏе охьа а хуий, дукха йоьлху иза. Тхан да ца вицло цунна. Амма Ахьмадана хамталлаш а ца йо. Мацах цкъа Ахьмада цхьана тӏамехь тхан да ӏожаллех кӏелхьарваьккхина, боху. Цунна а чӏогӏа сий до ас Ахьмадан.
«Маржа, Айза, йаӏ! Цхьаьнакхета хьоьгуш ма дукха лийлира вайша, цхьаьнакхетча, безамах марзо ма кӏезиг ийцира вайша. Вайшинна вовшийн ца дезний, вовшашка са ца тийсина а ца къаьсти-кх вайша вовшех. Хӏун дийр ду ткъа, Дала азаллехь иштта йазбина хилла-кх вайшиннан кхоллам», – ойла йора ӏелас.
Йерриг а къона хан а, безам а, тешам а шена схьабелла, шеца цхьаьна а, ша Сибрехь волуш а йагарйина ца валлал дукха халонаш лайна Айза ган сатеснера цо. Амма иза муха гур йу цунна? Церан хӏусаме гӏойла а дац, кхуза схьакхойкхийла а дац. Цуьнан кхин хӏусамда ма ву. Амма ган йеза, мухха гина а. Айза гича, цуьнан озе ладоьгӏча, шен кийрара бала байлур болуш санна, цо иза ах дӏаоьцур болуш санна, хетара ӏелина.
– Генахь йехаш йуй Айза?
– Йац дера. Цхьа масех цӏа ду тхуна йуккъехь.
– Цигахь дина бераш дуй Айзин?
– Цхьа кӏант, цхьа йоӏ ду.
«Дика ду-кх иза а. Сан кӏантана ваша ву-кх. Амма суний, Айзиний йуккъехь боккха берд а бу-кх иза».
– Кхайкхича, схьайогӏур йарий-те Айза?
– Хӏунда ца йогӏу?
– Цо кечбина дукха кхача биъна ас цуьнан хӏусамехь. Со гича, вовза а