Лаьмнашкахь, аренгахь хьажалахь дика,
Дуьненчохь стенгахь ду и адмийн къам!
Бийцалахь некъ суна цу адмийн уьйтӏа,
Ас тӏаккха кхоллур йац, йуур йац хьо!
Деха де ца лоруш, ца лорушбуьйса.
Са хьайна дезахь ткъа, сиха баккха го!
Йада озош кхоьссина пха санна, маса
Бумбари хьаьдира стиглане ирх.
Теллира дуьненчохь адмаш ӏен аса,
Къизаллинаьттубеш, тесира зирх.
Бохь лекхачу цу лаьмнийн теллира ирхеш,
Йист йоцу аренаш йуьстира цо!
Де-буьйса ва доцуш, ша-шен а сихъеш,
Баьккхира бумбарийс дуьненнаго.
Сийначу цу стиглахь, мархашца къуьйсуш,
Бумбари йогӏура текхаргана тӏе.
Къорзачунна кестта цо, сихоеш, дуьйцур,
Стенгахь йу цу адамийн кхерчахь и цӏе.
Эххар а йамарта бумбарех кхийти
Тӏам ӏаьржа чӏегӏардиг, стигланаш зуьйш.
Чӏегӏардиго шен некъ а ловзарца хийци,
Бумбарина уллохьа мархашца уьйш:
— Бумбари! Бумбари! Хьо стенгайоьду,
Цӏе йаьлча ва санна, лестабеш тӏам?
Хьо стенга сихъелла, дийцахьа соьга, -
Хаьттира чегӏардигс, беш кхунна там.
Бумбарино цу хенахь буьйцура шерра,
Йамартло йоцуш болу шен ненан мотт.
Гӏиллакхехь чӏегӏардиго хаттарх терра,
Бумбарино делира хаттарна жоп:
— Бос къорза текхарг йу адмашна дера,
Дӏовшаца хӏаллакбан кийча йу уьш.
Йер-йаккхар вадуьйцуш кхерийна, цӏера
Йаьккхина къорзачо со а йу-кха гуш.
Къорзачунна, сихо йеш, сан дийца деза,
Стенгахь бу цу админй шахьаран го.
Хьун йуккъехь йисина и текхарг хьегӏа,
Ца дийцахь, со тӏаккха кхоллур йу цо.
Бумбарина гонаха чӏегӏардиг хьаьвзи:
— Гайтахьа, бумбари, хьайн хаза мотт!
Ца гина суна-ма и санна говза,
Хьекъале буьйцу и бумбарин мотт!
Там хилла чӏегӏардиго хасторна хаза,
Гайтира бумбарино шен жима мотт.
Чӏегӏардигна улло дан дацара хала,
Зӏок тоьхна кхаьллира цо жима мотт!
Хӏетахь, цу шерачу маттах а йаьлла,
Бумбари хӏинца а деш лела «бум-м!».
Адмаш цуьнан йамартлонах кӏелхьарадаьхна,
Чӏегӏардиг лелара бумбари зуьйш.
Оьгӏазе «бум-м!» а деш, хьаьдира важа-м,
Шен паччахь хьулъеллачу бецашна чу.
Чӏегӏардиг тӏаьхьадогӏура, хуьлчуьнга хьоьжуш,
Бумбари йоьдучу къухйуккъе чу.
Хьаьрчина ӏуьллура, чкъург санна горга,
ӏиндагӏехь хьулбелла текхарган хӏоз.
Къахетар ца девзаш, адмаш ша човхош,
Гора-кхатекхаргана и хаза гӏан!