чохь - эзара ша́рахь нохчаша мостагӏчунна къийсамехь, тӏамца дӏа ца беллацу нохчийн махкахь ӏаш болчу суьйлашна, гинерий техьа гӏе́наха а хӏара санна долу жоьжагӏатийн сурт! Кхин а кхузткъа шо даьлча а, кхин кхузткъе итт шо сов хан йаьлча а ӏийр бу уьш-м, хӏокху Сибрехахь шелоно, мацалло дӏакхаьллинчу нохчех йисинчу керташкахь! Дийна цӏа баьхкинчу, Дегӏаста бухабирзинчу эзарнаш нохчийн керташкахь а, Советан ӏе́дало а, цул тӏаьхьа керла Россин векалаша а куьйг а лаьцна де́баш, нохчийн кешнашкахь Де́лан кхеле шайн де́къаза дай дӏа а бухкуш!
Дукха ге́нара гӏаш некъ бине́ра Ребаӏатас, кӏадйаларо а, жимма кхаьллинчу кӏан буьртигаша мацала ӏехайаро а, буьйсано а сема наб озайайтира хӏокхунна. Оьшуш-м да́ца́ра жимчу зудчуна и наб озайар! Буьйса йукъах тӏехйаьллачу хе́нахь амбар ларйеш волу ши-кхоъ хе́хо ара́во́лура амбарна гонаш бо́хуш шайн ха дан. Лекха ирахӏоьттина кач а болуш, лаьттаха кхе́таш йе́ха къайн тулу́паш о́лу кетарш йара царна тӏехь. Уьш-м хӏинца сатосу седа гучубаллалца а́рахь лела безаш бара. Ребаӏатина му́ха хаа дезара и, хӏара-м дуьххьара кхаьчна йара хӏокху амбарна тӏе. Хӏокхе́ран тоьлийн йуьрта казахаш ца бахкийта, нохчашца це́ран цхьана тайпа уьйр ца хилийта, ӏе́дало питанен хабар кхоьллина даржийне́ра: нохчий нах буъуш а́кха къам ду, ца́ра къаьстина шайн кара деъна бе́р дуъу, аьлла. Шайна кхерамаш туьйсашехь, мацалла леш болчу нохчашна улло ца баьхкича ца ӏен белира казахаш. Шаьш а мацаллин ка́рахь бохкучу казахаша цхьацца шайн ницкъа кхо́чу а, ца кхо́чу а гӏо дора. И гӏо бахьана долуш хийла нохчийн хӏусамера бе́р ӏожаллин багара а даьккхира казахаша! Баккхийнчара, шаьш мацалла лийр дуй хуушехь, бе́раш ӏожалин карара до́хура, шайн карадеъна рицкъа, царна дӏалуш. Иштта доьнала долу къам девзинчу казахаша, тергал а ца дора, ӏе́далан хьадалчаша дуьйцуш долу э́ладита.
Ребаӏатига, ша́ цамгаро йожайина йа́лале хьалха, лу́лахь тоьла йаьккхина йисина ӏаш йолчу зудчо хьахадине́ра, къилбаседа болчу а́гӏора хӏара амбар йу, аьлла.
Амбарна бухахь ӏуьллучу Ребаӏатна-м, мел сема наб йеш йелахь а, гӏан гора. Хӏара жима нускал дара, ма́ре йеъна дукха хан йаца́ра. Зойрбек а жима стаг вара, йукъе́рчу дегӏахь велахь а, дика шуьйра