Цхьа аьтто бара хӏокхуьна хилла тахана – шайн тоьланех йиначу йуьрта йухайо́гӏуш амбарера схьакхаччалца кхин йурт йа́цара. Буран йара, дегӏах чекхбо́луш, цкъа а кха́чалуш буй техьа, аьлла хеташ мох бара. Ребаӏатан дага тӏехь ше́ло́ латтош кхин цхьаъ а дара – хӏокхо ша́ ӏожжалин карара а даьккхина дохьуш долу кӏа лачкъийна дара, цхьаннан кхе́чуьна рицкъа дара! Кхин цхьаъ а дара – хӏокху цхьажимма бен доцачу кӏана буьртигаша масийтта, бехк бо́цуш хӏокху жоьжагӏатийн аренга охьакхийсийнчу, нохчийн адамийн дахар кӏелхьара доккхура дара. Хьа́рам – къа, муьлханиг хьалха де́ра ду, Де́лан карахь ду-кх и… Да́ла са́гӏа дойла хӏокху сирлачу къинхетаман кӏан буьртагех!
Бӏаьрг белла йиш йо́цуш ше́рачу аренгахь хьоькхучу махо, хьийзочу лайно тила ма йахьара болата нохчийн зуда! Кхерамна йуьхьдуьхьала, ца къарлуш йоьдура Ребаӏат. Де́лан къинхетамца де́ суьйренга гӏоьртича шайн тоьланех йаьккхина миска йурт карийра хӏокхуна. Цхьа хан ца йе́лира хӏара тӏех йаьлла дӏайахан: йурт лаьттаха ах къевла йаьлла йара, лайно гучура йаьккхина, мискачу пешех бо́луш кӏура баца – эрна а́рахь, казахийн йуьрта улло́хь гулдина кхо бен кхин хӏума да́цара пешахь да́гон. Беллачу нохчоша а вовше́н гӏо дора-кх кхузахь! Дӏаволла де до́цуш, гӏорийна латта ахка ницкъа бо́цуш хӏокху йуьртахь ӏаш болчу мисканаша, эвлайистехь лайлахь дитинчу масеха дакъана тӏе ца ӏоттайеллехьара, Ребаӏат а йуьртана улло́хула дӏа йахан тарлуш дара. Ткъа иза ӏо́жалла йара!
Азйаларна чекх са гуш хӏунда йац, аьлла хеташ йолу жима Зийна, мелла а оцулла гӏоле йелахь а, гича адам делха мегаш хьал долуш, масех шо Зийнел йоккха хир йолуш йолу, Ребаӏатан шолгӏа йоӏ Кебист а, кхин гӏатта де до́цуш, ча тӏехь ӏуьллура, цхьацца тӏелхигашна бухахь. Шина йоӏана-м шайн на́на чу йеича гира, хаза а хийтира царшинна, амма хьала а гӏаьттина на́нна дьуьхьала хьада, массо а бе́раша деш ма хилара, хӏокхе́ран де да́цара. Масех де дара хӏокха́ра даша динчу лайн хих къурд бен ца бо, кхин рицкъа да́цара. Бе́рийн бӏаьрго бен дуьненахь ца луш йолу, серло-м йаьржира хӏокхе́ран