Сахиллалц лета ма лета иза. Цунна берзан хьожа а ма кхета…
— Нана, борз бен, кхин цхьа а вон хӏума ма дац, даций?
— Борз санна вон хӏума-м дац, кхин а дуккха дан-м ду уьш.
— Кхин хӏун ду, нана?
— Урс а ду, кӏода а ду, уггар вон — ӏовдал ӏу а ву, йуха аьрзу а ду.
— ӏу ӏовдал а хуьлу, нана?
— Хуьлу. Жа шайн моккъа дажа ца дуьтуш, цхьана метта хьийзош, тӏелоьхкуш верг вон ӏу ма ву. Олуш ца хезна хьуна уьстагӏо:
«Бӏаьста со со хьалагӏатталц ца ӏуьллуьйту волу ӏу ма хуьлда сан — со хьалагӏаттале керла буц тӏейолу; гурахь со со гӏатталц ӏуьллуьйту волу ӏу а ма хуьлда сан — со бижинчуьра гӏаттале буц йакъало гурахь», - олуш.
— Ца хезна… Нана, аьрзу хӏун йу тӏаккха?
— Цхьа даккхий тӏемаш а долуш, стигалхула хьийзарг аьрзу ду-кх. Цо хьо санна болу жима ӏахар дӏа ма хьо, нанна йуххера дӏабаьлча…
— Со цкъа а хьуна йуххера дӏа а бер бац, со… со…
— Ма балалахь, хьо боккха хиллалц.
— Со боккха маца хир бу?
— Хьой? Гурахь хир бу-кх. Хаза ларга а лергина, цӏан а белла, ши маӏа а йаьлла…
— Ларга хӏунда лоргу, иза хӏун ду, нана?
— Иза кӏода ду-кх, ас хьоьга дийцина долу. Бӏаьста, гурахь — шозза ӏожална кӏел ма дуьйшу вай, кӏоданца лоргуш.
— Со бедда-бедда дӏагӏур бу-кх, боккха ма хилли.
— Дӏабахча барзо буур бу, дӏабаха мегар дац…
— Ткъа ас хӏун дан деза! Кӏоданах келхьара муха бер бу со?
— Хьо ларга охьабиллича, бетта а ца луш, ӏадда ӏилла беза. Тохабелча — хадабо. Хадийча — нӏаьний до, нӏаьний дича — цомгаш хуьлу, цомгаш хилча - урс хьокху.
— Нана, уьш дукха ма ду, соьга лелалур ма дац… уьш. Суна цхьа кхин хӏума…
— Хьуна хета иштта, уьш дукха ма дац. Дийнахь жана йуьстах ма лела, буьйсанна а жана йуккъе бижа охьа…
— Буьхьигаш-м ма ца йуьйшу жана йуккъе, дӏога, гой хьуна, тархашца лаьтта-кх, йуьстах а йевлла…
— Уьш барзо атта ца лоцу.
— Уьш хӏунда ца лоцу, нана, борз царах кхоьру?
— Ца кхоьру, цаьрга мохь болу, шаьш лаьцча. Тӏаккха жӏаьла лета. Йуха ӏу гӏотту, топ а кхуьйсуш.
— Аса а хьокхур бу-кх мохь…
— Вайга мохь хьакха ма ца ло. Дала ца делла-кх вайна иза. Цундела ларбала ма беза хьо.
— Со-м ларлур бац, со иштта охьа а бижина, кхин хьала а ца гӏоттуш, ӏуьллур бу-кх хӏуьттаренна, вон хӏумнаш дӏадовллалц…
— Нана йала хьан, иштта мегар ма дац. Дуьне ма ду хӏара, Дала иштта кхоьллина.