Йоӏа цунна дӏадийцина, ша́ дуьххьара цхьана кӏанте маре йалар а, ша́ цхьана кӏантана цуьнга бен шен йукъахара доьхка ца да́стийта йина чӏагӏо йара аьлча, на́нас вина ваша́ санна, теша́ме хилла, цу кӏанта ша́́ цунна дӏа а йигина, дӏайалар а. Шолгӏачу кӏанта, иштта хьо шена йа́лайал, дика кӏант и хилча, цул оьшуш кӏант ша́́ хилча, шена эхь ду, аьлла, ша́́ а йа́лош, хӏокху ша́хьара кхаччалц, схьа а веана, аьлла, дийцича, цу къуьно аьлла:
— Оцу шиннал вон кӏант со хилча, су́на а ду эхь.
Теша́ме ваша́ хилла, шен говрана тӏехьа а хаийна, йоӏ ша́́ дуьххьара йаханчу кӏентан ке́тӏа охьайоссийна цо.
Кхе́ташонна хууш волчу стага аьлла:
— Аша́ кхаа ваша́с воккха-воккхачо хьалха а дуьйцуш, су́на дийца, цу йоӏана оццул теша́ме хиллачу кхаа кӏантах дика кӏант муьлханирг хилла. Тӏаккха аса жоп лур ду шун хаттарна.
Воккхах волчу ваша́с аьлла:
— Оцу кхаа кӏантах дика кӏант хета су́на, дуьххьара, йоӏ шена йеза а йезаш, дуккха а даьхний а дайина, ша́́ йа́лийннашехь, вукху кӏанта шена иза йухайалор йуйла ца хуъушехь, и йоӏ оцу кӏантана дӏайигинарг.
Цул жимах волчу ваша́с аьлла:
— Су́на шолгӏа кӏант дика хета, хӏунда аьлча, бе́рахь дуьйна схьа цу йоӏана ша́́ тӏехьийзина воллушехь, и йоӏ оцу кӏантана цо йуха дӏайигарна.
Жимах волчу ваша́с аьлла:
— Оцу шимма къийсинарг-м ша́ьшшиннан йахь йу, оцу шиннал а дика кӏант хета су́на кхоалгӏа волу къу, хӏунда аьлча, хӏуъа дича а, эхь до́цуш волчу цу къуьно, ӏаьржачу буса на́нас вина ваша́ санна, теша́ме а хилла, йоӏ дӏайигина де́ла. Цунде́ла къу дика кӏант хета су́на.
Тӏаккха кхе́ташонна хиъначу стага аьлла:
— Воккхах волу ши ваша́, ашшимма ша́ьшшинан цхьацца жовхӏар дӏаэца, жимах волу ваша́, хьан жовхӏар хьан кара дӏакхаьчна, хӏунда аьлча, къуьнан гӏо лецира ахь. Хьо къу хилар гучудаьккхи ахьа, — иза а аьлла, дов дӏахадийна цо.
Ша́ къу воцчу стага къуна гӏо дийр да́ц.