Ло́мара схьаваьлла,
Аренца кхиъна,
Ло́ман воӏ,
Веши́н воӏ регӏан
во́цург ахь
Нохчийчохь лехахь,
Сан цӏенна йамартло лиъна,
во́гӏу хьо —
кхаьчна ма валарг!
Ло́мара схьаваьлла,
Аренца кхиъна.
Органах чекхваьлла,
Терка тlе кхиъна.
Хьалара хоьттий ахь?
Хьалара веца!
Уохьара хоьттий ахь?
Уохьара веца!
Бохь а бу,
Бух а бу
сан хьу́на бийца.
Ло́маний,
Регӏаний
йуккъехь ву хьу́на.
Ла́м — цхьа там,
Рагӏ — важа,
ши тӏам бу хьу́на.
Органан воӏ велахь,
Веши́н воӏ Теркан
во́цург ахь
Нохчийчохь
ма леха эрна...
Ло́мара хоьттий ахь?
Ла́маро веца!
А́рара хоьттий ахь?
А́рара веца!
Ла́м а бу,
Рагӏ а йу
сан хьу́на йийца.
Малхбалехь малх гӏотту,
Малхбузехь — бузу.
Гӏоттуш а,
бузуш а —
ша́ берг бай малх-м...
Йа «хӏун бах» хоьтту ахь?
«Хӏун бах» а веца!
Йа «фу ях» хоьтту ахь?
«Фу ях» а веца!
Вешица
сан хьу́на вийца.
Малхбузехь воӏ волчух
Малхбузехь хьа́ша
тхох цхьаъ хьо ва́н гӏертахь,
хьан бӏаьрг ма буза-кх
диканах!
Хӏума дац
хьан чохь
со ваша.
Абдулаев Леча 2002 шо