Кхузахь-м, хьаха, не́нан мотт а буьйцу.
Буьйцу, хьаха, дуй къера ца хиллал-м.
Сийлахьниг а маьттаздоккхуш дуьйцуш,
Ган а, лан а вайна доьгӏна хилла.
Кхузахь леларг кхин гӏиллакх ма деца,
Аьрха долуш хьан хотӏана ӏа́ма:
Дастамйоккхуш йоккху ворхӏе де́н цӏе,
Хьа́рам йуьйцу ворхӏе а хьан на́на.
Цу гӏиллакхна къе́н ма буй хьан мотт а,
Оцу меттан охӏла хьо велахь а.
Амма сих ма ло йуьхьӏаьржахӏотта,
Иэхь-бехкана цо мел ӏаткъам бахь а.
Цул а, це́ран цӏокала а ва́лий, –
Хиларх и хьайн бехкамашна хьа́рам, –
Хьайн са дассош йуьхьӏаьржонан балех,
Оьгӏазалла йаккхахьа цкъа а́ра.
Нагахь хьайна ре́за во́цург валахь,
Бага йуззий дов дӏахьеде цуьнга.
Хьан маттера даьлла цхьа а гӏа́лат
Туьдур долуш йац-кха цуьнан «туьнталг».
Амма хӏума дац ахь цуьнан къахьда,
Ахь а цӏанде са йуьхьӏаьржахӏоттарх.
Вайна цунах ӏаткъамаш хилахь а,
И до́цург а лаза ду вайн шортта.
Къоман дуьхьа и лазамийн шорто
Декъалйа вай дина сийлахь ниййат
Къо́балдина, вайна йуххе хӏотта
Во́гӏучуьнца лелор ду вай гӏиллакх.